ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанера къона турпалхо Хьасан


Ша а леш, школехь теракт ца яйтина волчу кхиазхочунна лаккхара совгIат дахьара аьлла дехар дина Iедалшка Пакистанан полицино. Еарин дийнахь Хайбер-Пахтунхва-провинцехь 15-тта шо долчу Хьасан Аитзаза школан кевнехь сацийна цу чохь эккха воьдуш волу Iожалхо.

Хьасанна еза чевнаш йинера цу стага ша эккхийтар бахьана долуш. ТIаьхьо иза велла госпиталехь. Кхин вийна а, лазийна а стаг вац. Провинцин полицин куьйгалхочо Дуррани Насир-Хана дийцарехь, Хьасанан майралла а, доьналла а бахьана долуш бIеннаш дешархой Iожаллах хьалха бевлла.

Хьасанан дас Бангаш МуджахIида дIахьедар дина, ша дозалла деш ву, шен кIанта шен дахар Даймахкана дIадаларна аьлла.
XS
SM
MD
LG