ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иттаннаш гIаттамхой байина Шемарчу ХIомсехь


Шемарчу зорбанан гIирсаша хаам бина, ХIомс-гIалахь иттаннаш гIаттамхой байина аьлла. Иза хилла Iедалан ницкъаша шайна бина го баста уьш гIоьртича. ХIомсан цхьайолчу кIошташна Iуналла деш ю гIаттамхойн тобанаш. Шеман САНА олучу пачхьалкхан агенталло бинчу хаамца, вийна 37 стаг.

Бакъонашларъярхоша дийцарехь, кху тIаьхьарчу кIиранах Шемахь хиллачу тIемашкахь вийна лаххара а 500 стаг.

Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан организацино бинчу хаамца, 2011-чу шарахь Зазадоккху-баттахь дуьйна Шемахь конфликт йолаелчхьана вийна 130 эзар сов стаг. Миллионаш адамаш дIадахана, шайн хIусамаш а юьтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG