ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Велла Израилан хилла премьер Шарон Ариел


Тель-Авивехь велла Израилан премьер-министр хилла волу Шарон Ариел. Цуьнан дара 85 шо. Цуьнах лаьцна хаам бина изаралан телевизионо. 2006-чу шарахь Дечкен-баттахь инсулт хиллачул тIаьхьа кхетамчура аваьлла Iуьллуш вара Шарон, нуьцкъала са а доьIуьйтуш. ТIаьхьарчу деношкахь цуьнан могашалла кхин а галъяллера.

Шарон Ариел Израилан Iедалан куьйгахов вара 2001-чу а. 2006-чу а шерашкахь. 2005-чу шарахь цо омра деллера Палестинин Газа-асанехь йолу жуьгтий беха меттигаш дIаяха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG