ТIекхочийла долу линкаш

Киевехь "Беркто" йиттина оппозицин декъашхошна


Полицин а, демонстрантийн а тасадалар хилла Киевехь Шоьтан буса. И бахьана долуш лазийна ву 11 стаг. Царах шиъ дарбанан хIусаме охьавиллина. Украини чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца цу тасадалрехь чевнаш хилла ву 20 гергга «Бебркут» олучу милицин лерринчу декъан белхахо.

Шоьтан буса «Беркутан» милцоша йиттина Украини чоьхьарчу гIуллакхийн министр хиллачу Луценко Юрийна. Карарчу хенахь иза куьйгалла деш ву «КхолагIа Украини республика» олучу оппозицин болмана. Луценко корта а байна реанимацехь Iуьллуш ву.

2011-чу шарахь Борисполехь Ленинан монумент эккхийта дагахь хилла аьлла лаьцна болчу нахана кхел еш суьдан гIишлонна хьалха митинг дIахьош хилла Беркуто йиттина болу оппозицин декъашхой. Хиларг бахьана долуш Киевехь Незалежности майданахь гуллуш бу Iедалан дуьхьалончаш.
XS
SM
MD
LG