ТIекхочийла долу линкаш

Сочехь ларлуш хиларе кхайкхина шайн махкахошка Iамеркин Iедалша


Сочера Олимпан ловзаршкахьажа баха дагахь болчу шайн махкахошка ларлуш хила аьлла кхайкхам бина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Шаташа. И кхайкхам зорбане баьккхина бу Iамеркан Пачхьалкхан департаментан сайт тIехь.

Цу документан тIехь аьлла ду Олимпиалда дIахьош билггала хIара бу аьлла Iамеркан махкахошна а, Iамеркан институташна а кхерам бац аьлла. Делахь а Iамеркахошка сема хиларе кхайкхина Iедалша, къаьсттина юкъараллин транспортах пайда оьцуш.

Олимпиада санна болу хиламаш шайн Iалашоне оьцуш Iедал ду террорахоша, цундела дуккха а адамаш гелделлачу меттигашка а, дуьхьалонан акцеш а, демонстрацеш а дIахьош йолчу меттигашшка ца доьлхуш Iаре кхайкхина Iамеркахошка Пачхьалкхан департаменто.
XS
SM
MD
LG