ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилан премьер-министр хилла Шарон дIавоьллина


Израилан премьер-министр лаьттина волу Шарон Араиэль оршот дийнахь дIавоьллина, Израилан къилбехьа йолчу Негев гIум-аренгахь, ШаронгIеран доьзалан доларчу «Хават-Шикмим» фермехь.
Даханчу кIиран дийнахь Шаронан тезете баханера ткъеха пачхьалкхийн Iедалийн векалш.

ТIаьхьарчу 8 шарахь комехь Iиллинера Шарон. Тел-Авиван дарбан-хIусамехь иза дIавелира Дечкен беттан 11-чу дийнахь. 2006-чу шеран Дечкен баттахь инсульт хиллачул тIаьхьа дуьйна, садеIаран гIирсаца латтийна иза дийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG