ТIекхочийла долу линкаш

ХIомсехь 19 стаг велла миноташца герзаш диттича


Шемара ХIомс-гIалахь кIиран дийнахь минометашца диттинчу герзаша вийна, мел лаххара а, 19 стаг. И аьлла хаам бина пачхьалкхан хаамийн САНА агенталло а, Британехь туп тоьхначу адамийн бакъонийн организацино а.

Адамаш дайъарх долу жоьпалла «террорахошна» тIедиллина официала Димашкъо. Оцу дашца, президентан Асад Башаран режимана дуьхьала лаьтта гIаттамхой билгал боху Шеман Iедалша.

2001-чу шарахь Шемахь дов иккхичхьана дуьйна велла 120,000 стаг боху, Associated Press-о. ХIокху беттан шолгIачу декъехь Женевехь дуьненаюкъара конференци ю вовшахтухуш, цу махкара хьал дерзоран некъаш лаха. Цхьа моггIа пачхьалкхаш, цу юкъахь Iамерка а йолуш, Шемарчу оппозицин мел болу ницкъаш юкъаозон гIерташ ю цу цхьанакхетарна. Цхьаболчу оппозицин векалша биллам хIоттийна, хийцалучу Iедалехь Асаде цхьа тайпа дакъа ца лацийта.
XS
SM
MD
LG