ТIекхочийла долу линкаш

Human Rights Watch: Сочехь адамийн бакъонаш талхош ду оьрсийн Iедалш


Сочера Олимпан ловзарех лаьцна дуьйцун долчу журналисташка Human Rights Watch организацино дIахьедар дина, Сочех хаамийн гIирсийн векалех Iитталучу халонех лаьцна. Иза, цара билгалдаккхарца, «олимпан ловзарийн мехалчу хIуманна дуьхьал ду».

Оьрсийн Iедалш мел шайн васт тодан гIертахь а, олимпан ловзаршна кечам беш адамийн бакъонаш талхийнера, хаамийн гIирсашна а, юкъараллин институташна а репрессеш йира, боху Human Rights Watch-о. Цо билгалдаьккхира, Сочехь мигранташ бацор а, уьш пачхьалкхал арабахар а могIарера гIуллакх хилла хилар.
XS
SM
MD
LG