ТIекхочийла долу линкаш

Нохчашца, аьлча а, церан маттаца еха проблема шайн мехкашкахь кхочуш еш бу тахана узбекаш, гIиргIазой, туркменаш – интернетерчу Гуглехь гочбалуш хир бу церан меттанаш кестта. Ткъа нохчийн мотт бац цкъачунна интернетехь цхьана а кепехь я гочбалуш а, я Iамабалуш а – ца бевлла и дан я Iилманчаш а, я программисташ а, я финансисташ а, я мехкан дай а.




Азерчу кхаа къоман – уьш дуьненах а эхь хеттал иза дан тIаьхьа дисинехь а – хир ю Гуглехь шайн меттанаш гочден программаш. Юьхьиг, мухха а делахь а, юьллуш, Гугло кхойкху узбекашка а, гIиргIазошка а, туркменашка а, меттан хаарш долучаьрга, проблемин бала а кхаьчна, шена гIодар.

Амма ца боху оцу маьIнехь Гугло нохчашка, шена герга а гIортий, шайн мотт дуьненна а бовза аьтто луш йолу интернет-гочдархо хIотто шу арадовлахьара. Ца боху, и къам цкъачунна и шега доьхуче а кхаьчна дацарна – ца даьлла хIинца а технологийн, цахаарий, цаэшарийн, балабацарийн балера.

Тахана интернетехь массех онлайн-гочдархо ю, ша-ша аьтто ло шуна дешнаш нохчийн маттера оьрсийн матте а, цигара шун матте а даха торуьйтуш, аьлла, дIакхайкхийна. Амма яц цхьаьллиг а цхьаъ, хьо хIинцца компьютерна хьалха хаахь, оьшу дош ма-дарра гочдеш-м. Масала, «къолам», «Iаж», «диг» - хIумма а чолхене доцу и дешнаш гочдеш ца йолу цхьаъ-шиъ бен онлайн-гочдархо. Ткъа мелла а чолхе дош ахь хаттахь-м, кхачало сайтийн Iаламаталла а.

Вай дукха дийцина оцу тайпанарчу интернет-гочдархоша яхйийр яра нохчийн меттан оьмар, бохуш. Амма уьш яц, я хила доьгIна ду ала меттиг а бац.
Цундела я Гугл а, я ур-атталла йоза деш йолчу программех - хуьлда иза Ворд я кхин - цхьаммо а аьтто ца ло нохчийн маттахь, дешнаш нис а деш, гIалатех цIан а деш, компьютерца кехат яздан.

Дуккха а бу нохчийн программисташ, хаарш а ду церан оьшшурш. Амма уьш хьашт бац цхьанненна а, ненан мотт компьютере берзорехь мел фанаташ уьш белахь а. Цу тIе, цаьрга шайгга далуш а хIума дац иза – Iилмано ма-доьхху и болх бина баккха оьшу ахча а, ша Iилма а.

Масала, оцу программистех ву шен схьавалар нохчех долу Ригера вахархо Караев Дэги. Дуккха а хан ю иза лингвист-программист волу. 12 меттан дошамнаш компьютере ерзош белхаш а бина цо ша декъахь волчу цхьана меттигерчу фирманехь.

Цунна иштта го вай хьехаен проблема.

Латви - IT-инженер Караев Деги, Рига

Латви - IT-инженер Караев Деги, Рига

Караев: «Кхачам боллу дошамнаш кхолларца йолчу проблемин дуккха а санаш бу. И Iалашо нагахь санна пачхьалкхо кхочуш еш яцахь, цуьнан декъахь хила догIу Iилманехь, сацамаш бечу тIегIанехь таро йолу а, финансаш латтон йолу а хьукматаш мукъане а.

ХIунда аьлча, дошам хIоттор – иза деккъа дIа хьуна девза, дагадогIу дешнаш охьадахкар ма дац, иза а проблема елахь а. Бакъал а дешнийн яккхий чалхаш вовшахтоха еза, дешнаш дуьхь-дуьхьал хIитто деза, дешнаш талла деза, мотт ширлуш а, кхуьуш а хиларе терра.

Ахь нагахь и санна йолу дошам компьютере ерзийча а, вуно боккха болх ма бу компьютеран кхетамехь, тIех хьашт йоцу информаци юьстах а юьтуш, уггаре оьшург Iалашъеш вовшахтохар. Масала, дашехь аз чIагIдар, дахдар, дош ларде а, чаккхене а декъар – кехат тIехь дика гург компьютер чохь ма ца хуьлу иштта дика гуш.

Доцца аьлча, иза боккха болх бу, цхьана тобано иза бан ма беза. Ша цхьамма хIумма а дийр дац, интернетехь цхьа хIума хьуна дехийла лаахь, иза коммерцин агIор дуьненна хьашто йолуш хила а ма деза. Ткъа дошам хIоттош, хала хеташ делахь а, ахь ахча хьайна гулдийр дац.

Цундела меттан дахар дахдарехь, къаьсттина жимчу къаьмнийн маттанаш кхиорехь пачхьалкхо дакъа лоцуш дацахь, цхьа а аьтто хуьлийла дац. Iилманийн академи а, пачхьалкхан дай а кхетий, иза шаьш ца дича ца долий, тIаккха карор ду царна ахча а, гергаозор бу оьшшу нах а».

Нохчийн меттан де ду Нохчийчохь, иза оьшуш бу бохуш деза хабарш а дуьйцу массара а, коьртехь хийла ша администратор Кадыров Рамзан а нислуш. Амма хабарел гена ца долу хIумма а.

Стенна ду иза иштта шена хетачу кепехь туьду лингвиста-программиста Караев Дэгис.

Караев: «Политикан бахьанаш кхин а алсам ду. Я Iедалехь тиран хуьлу, я интернетна тIебехкина цхьацца бехкамаш хуьлу. Ас эр дацара иза и нах бодане хиларна ду а, царна цкъачунна бала кхочу хIуманаш дац-кха уьш, церан кхин гIайгIанаш бу-кх.

И пайда боцу хIума, бегаш беш аьлча, лелон, къоман мотт ца балийта гIерта хан яц-кха церан. Инициатива баккъал а мотт хьашт болучаьргара гIоттуш елахьара, тхан хаарш а, технологеш а, церан ахча а вовшах а тоьхна, ялур яра и тайпа дошам. ХIунда аьлча, цкъа йича, иза даиманенна а ехар ма ю, керла-керла дешнех а юзуш».

Нохчийн меттан интернет-беркъалла, иза лелаш бацар я экономикехь, я политикехь, я пачхьалкхан дахарехь а – иза вайна коьрта тема ю даима а. И хьехо яьккхича, вай уггаре хьалха кочадоьлху меттан Iилманчийн, Соьлж-ГIаларчу институтийн, академин. Амма церан карахь дац хIумма а, цхьа лааммий, меттан Iилма шордаррий, оьшшу белхаш кхолларрий бен.

Ткъа меттан дахар, адамийн а санна, дахдийриг, я хадориг Iедал ду. Цуьнгара баккха а, беха а догIу халкъо шен мотт балехь кхабарна бехк.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG