ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская Анна ер талларан гIуллакх дIакхоьхьучу Москох-гIалин кхело вовшахтоьхна керла бехк-къасторхойн коллеги


Политковская берийн адвокато Ставицкая Аннас дийцарехь, 12 коьрта бехк-къасторхо воцург, кхин а, 12 хьашт хила тарло бехк-къасторхо а билгалваьккхина. ГIуллакх таллар Дечкен беттан 15-чу дийнахь долор ду.

Даханчу шеран Лахьан-беттан 14-чу дийнахь хьалхалера коллеги дIасахецнера Москохарчу кхело, царах кхоъ, кхин дIа кхелехь дакъа лаца реза ца хиларна.

Кхеле озийна 5 стаг ву. Нохчийчура вахархо Гайтукаев Лом-Iела – кхело зуламан да лору иза; цуьнан йишиъ кхо кIант МахмудовгIара Джабраил, ИбрехIим, Рустам а. Цаьргахьа къуьйсуш волчу нохчийн адвокатана Мусаев Мурадана новкъарлонаш еш, цуьнан хIусамехь талламаш дIабаьхьна оршот дийнахь Оьрсийчоьнан Талламан Комитето.

Кхеле озийна ву кхин а хьалха милцо хилла волу Хаджикурбанов Сергей а. Царах цхьаммо а шайна тIе ца лоцу журналист еран бехк. И гIуллакх кхоалгIа толлуш ду. 2009-чу шарахь бехк-къасторхоша кхеле ийзош берш бехказа леринера. Амма иза юхаталла дахьийтира.

Новая газетин журналист Политковская Анна 2006-чу шарахь, ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь йийна ю, шен цIайоьдуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG