ТIекхочийла долу линкаш

Керлачу конституцехула референдум дIахьош ю Мисара


Кхерамазаллин онда раж хIоттийна, шина дийнахь яхлур йолу, керлачу конституцехула йолу референдум ю Мисар-пачхьалкхехь дIахьош. И документ къобалдинчул тIаьхьа, цу махкахь керла харжамаш хир бу.

ТIеман карчам эккхале, Мурси Мохьамед президент волуш, тIеэцначу конституцин метта хир хир ю хIинца референдуме яьккхинарг.

Ханна Мисарна урхалла дечу, Мисаран тIеман Iедало меттигера бахархой кхетийна, шайна керла документ тIеэца лууш хиларх. ТIаккха, Мурси президент волчуьра вохор, мисархоша къобалдина нисло.

ХIинца терроран лоруш болу «Бусулба вежарийн» болам дуьхьал бу цу референдумна.
XS
SM
MD
LG