ТIекхочийла долу линкаш

Дов муха дерзо-м хьоьхур дара, ладугIуш стаг велхьара


Зудий майрий дIасакъастар - Shutterstockан сурт

Зудий майрий дIасакъастар - Shutterstockан сурт

Доьзалшна юккъера доьвнаш, луьстуш муфтиятерачу комиссино, шаьш маслаIатан баккхий кхиамаш баьхна аьлла дIахьедар гIарадаьккхина Нохчийчохь. Дуьззина доцучу шина шарахь, доьвнан эзарнашкахь гIуллакхаш дIадерзийна шаьш боху цигахь. Ткъа, махкахь долчу хьолан терго йича, оцу комиссийн шортта бан болх хира бу еххачу заманахь.


2012 шарахь дуьйна, Нохчийчуьрчу муфтиятехь и комисси кхоьллинчу дуьйна 3300 дов а, доьвнан гIуллакхаш листина шаьш. Царах, 3156 гIуллакх, дIа а дерзийна аьлла, дIахьедар динарг ву, муфтийн гIовс волу Хирахматов Хьамзат. Цо бахарехь, сел лекха терахьаш дахар, беккъ цхьана дин дайн кхиам бац. Нахана юккъахь маслаIат дан шаьш доьлхуш, полисхой а, кхиболу Iедалан белхахой а хуьлу, боху цо.

Цкъа а ца хилчу агIора, нахалла доьвла дукха а доьвнаш ду Нохчийчохь. Хьалха хиллачу собарца а, гIиллакхаца, ца доьду махкахь долу доьвнаш. Хийла меттиг ю, латта а, петарш а къуьйсуш, вашас вешийна тIекхойкуш, вешийн кIанта девеше дов хьедеш а. Ала догIу, атта болх бац муфтиятерачу оцу комиссино шена тIелаьцнарг, амма, милла а юккъе а уозавой а, дIадохуш ду уьш.

КIезга дац, дIасакъаьстинчу зудчой, стагий, бера къуьйсуш долу доьвнаш а. ПетIаматан гIуллакх а ду ишттачарах. Хиллачу майрчо, кхуьнах лачкъийна дIавигина ву кIант. Баккхйичу нахе а, молланашка а, муфтияте а, тIаьххьара, кхеле а даьлла шен и гIуллакх, бохуш дийцира оцу зудчо Маршо радиога.

ПетIамат: « КхозлагIа шо ду, суна сайн кIант ган йиша йоцуш лела. Комиссехь а теллина сан гIуллакх. Цхьа а агIо ян ца елира цаьрга. Бера, кхечу махкахь ду. Москохахь ду. Церан нахана тIе а бахнера. Цара бохург а ца дина цара. ТIаккха со кхеле яьлла. Цигахь сацам, сан агIо а лоцуш чекхъяьлла. Иштта, республикан лаккхарчу кхелехь а бина изза сацам. Кхелан пурстопийн ледорлонах далахь а ца хаа суна, и кIант лохуш вац. Суна кхеташ дац и бахьанаш».

Ша дIа тIеяхча, муьлхачу моллано олу шега, бера цхьа хан яьллалца, шец хила бакъо ю аьлла, боху ПетIамарта. Дуьйцуш дерг а, хуьлуш дерг, цхьана ца нисло, аьлла тидам бира цо.

ПетIамат: «ВорхI шо кхаьччалца, муфтияте диллича а, ненаца хила деза боху бера. Да а нана а цхьана ца хилча, буьззинчу доьзалехь дац и бера. И бера, ненах хьегдар, хIете а, вете а нийса дац».

Ишшта, доьзалехь, дуьйлучу доьвнаша, холчу хIоттина цхьана юкъан лелла, Соьлжа-гIалара вахархо ИбрIахим а. Шен шина берийн ненаца, тар ца луш, ехха хан яьккхира ша боху цо. Ше ма хуьллу, доьзал ца бохийта гIиртира ша, амма, я молланех а, я кхечарах а цхьа а гIо ца хилира шена, царна мел лиъча а, аьлла тидам бира цо.

ИбрахIим: «ХIусамненанца доьвнаш дуьйлуш, барт ца хуьлуш, иштта цхьа хьал дара соьгахь. Берта ца йогIуш иза, йита ца лууш, доьзал бохо ца лууш гIиртира со. Дешна нах, церан юьртара а, юккъе а уозийна хIума лелийра. Цхьанна а агIора гIуллакх ца хилира. Оцу гIуллакхан юккъе бахка ца лууш, сан гергара буй, кхидерг дуй бохуш бара цхьаберш. Ас айс дIа чекхадаьккхира-кх и гIуллакх».

Нохчийн юккъаралла, тахана могуш ца хилар а, цунна, дарба оьшуш хилар а билгал доккху дукхачу синIаткъаман лоьраша. Лайна болу баланаш а, Iазап а, лар йоцуш ца дайна. ХIинца а, дуьненан хIуманна тIаьхь а боьвла, синмехалш мехаллехь яц дукхачу нахана. Цундела, гарехь, муфтиятера и комиссии, еххачу хенахь болх бан безара бу.
XS
SM
MD
LG