ТIекхочийла долу линкаш

Бахархойн Далла Iамал яр хьесапе эцна Соьлж-гIалара Iедало


Нохчийчоь -- Тlехьа мартан тlера доккха маьждиг схьадоьллучу церемонехь дакъа лоцуш ву Кадыров Рамзан, Дечкен беттан 12, 2013

Нохчийчоь -- Тlехьа мартан тlера доккха маьждиг схьадоьллучу церемонехь дакъа лоцуш ву Кадыров Рамзан, Дечкен беттан 12, 2013

Пайхамар вина бутт карабеъчахьна, тулгIенах тера Далла Iамал яран болам тергалло Нохчийчохь. И боьзна бу эзарнашкахь пайхамарна салаваташ дахкарца. И салаваташ дахкар (шайн лаамехь) тIелаьцна Iедал балхахь мел болчара.

Делера кхаъ хуьлда цунна, Пайхамар вина де тIекхача дика хьалха дуьйна а хьасартне хьийзаш бара махкахь динан урхаллин белхахой. Муфтиято дIакхайкхорца, Iедалан балхахь мел болчеран – могIарерчу белхахой а, хьаькамийн а , Далла Iамал ян лааран суьпалла лакха а яьлла, массара а нигат дина, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, Пайхамар вина дезачу дийнан а, беттан а сий-лерамна 100 эзар салават дилла.

Цу мехалчу боламна юкъаозийна ю массо тIегIан хьукхмат урхалла, хьехархой а, лоьраш а, полисхой а, могIарера белхалой а бист кхаччалц. Кхузара тахана мискъал зараттал тамашийна дац Нохчийчохь, мухIарш санна, пIелгах йоьхкина счетчикаш олу дагардийраш а йолуш, балха тIехь, боьлхуш–богIуш Iедалан белхахой гар.

Шен интернет инстаграмми чохь цу кепара Далла Iамал яр вуно чIогIа къобалдина мехкан куьйгалхочо а. Цунна гергахь шайна лаа а лиъна, цу кепара салоташ дахкар -иза юкъараллин, бахархойн Далла Iибадат дан лааран тIегIан лакхадаларан а, кIорггера Делах кхераран а гайтам бу.

Цу кепара Далла Iамал яр дийцаре деш ду ур-аттал ишколашкахь бераша а, кхиазхоша а. Леррина гуламаш а беш, 100 эзар салават дилла дезар хьокъехь, хьехархой а, лоьраш а, низамхой а кхетош, къамелаш дина муфтиятан белхахоша Iедалан массо хьукхматашкахь. Белхахоша шаьш дийцарехь, хIора кхо де мосазза долу хьаькамаш декхарийла бина маса салават диллина аьлла, кIоштан куьйгалхошка а, муфтияте а терахьаш дIакхачо.

Цу кепара шовкъе Далла Iамал яр доцуш,Пайхамаран возаллийна, Делера салам маршалла, гIийла, миска бохкучарна кху деношкахь даккхий сагIанаш декъна массо ярташкахь. Жижиг доцуш, де эшначарна итт-итт кийланашкахь декъна шекар а, дама а, дуга а.Цул сов хенарчу баккхийчарна а деккъа цхьацца кхачанан сурсаташ – гарза а,чай а.
XS
SM
MD
LG