ТIекхочийла долу линкаш

Сих ма ло, яц Оьрсийчохь цхьа а демократи!


Shutterstock - набахти, чувоьллина стаг, маьршо ца хилар...

Shutterstock - набахти, чувоьллина стаг, маьршо ца хилар...

Ходорковский Михаил арахецар хIинца а Оьрсийчоьнан Iедал адамийн бакъонийн сий дан доладелла бохург дац, аьлла хеташ бу Берлинехь гулбелла хилла немцойн а, оьрсийн а адамийн бакъонашларйархой.

Шена Iедалхоша масех шарахь кхерамаш тийсинчул тIаьхьа Германехь политикан тховкIело лаха дийзира вевзаш волчу оьрсийн экологан Козлов Алексейн.

ХIинца Берлинерчу Бёлль ХIенрихан цIарахчу кхерчахь ша вистхуьлуш цуо ша куьйгалла дечу ЭКОСОЦИС фондо кечдина долу терахьаш дахкийра, Оьрсийчохь маьршачу нахана дуьхьал Iедалхоша лелочу харцонийн а, репрессийн а сурт гойтуш долу. Цу терахьашца, деккъа цхьана даханчу шарахь политикан бахьанашца схьадиллина хиллачу бехкталламан гIуллакхашца I00 герга стаг лаьцна цу махкахь.

Бакъду, нагахь санна царех цхьацца долу гIуллакхаш дуьненна а гIардовлуш, шуьйра дийцаре динехь, - масала, „болотное“ шех олуш дерг я Arctic Sunrise хIурдакеманна тIерачу экологашна гуонахьа дерг, - кхиндерш, я аьлча а, дукхохдерш юкъараллин а, хаамийн гIирсийн а терго йоцуш дуьсу. Къаьстина, нагахь санна уьш Москохахь а доцуш, Оьрсийчоьнан йистахуо Iоьхкучу кIошташкахь делахь.

Иштта Козловс дийцира, Оьрсийчоьнан конституцехь бахархойн митингаш ян бакъо чIагIйина елахь а, амма даханчу шарахь и шайн бакъо юхьаралаьцна арабевлла хилла болу дуьхьалонан акцийн декъашхойх 2000 сов стаг Iедалхоша цхьана ханна лецира, бохуш.

Цуо дийцинчунна тIетайра иштта Германехь болх беш волу оьрсийн политолог Митрохин Николай а, Оьрсийчохь тIаьхьарчу шерашкахь экономикан хьелаш мелла а тодаларо юкъараллин семалла тхьовсийна аьлла хеташ волу. Митрохинна хетарехь, Оьрсийчохь вайн заманахь яьржаш цхьа ша-тайпа неоконсервативалла ю, килсаной, Кремлой говза бахархойн кхетаме юьллуш йолу.

И дерриге а тидаме эцча, дукха сихбелча санна хета аналисташна Ходорковский Михаил арахецар а, Оьрсийчохь цхьаццаболчу тутмакхашна амнисти яр а бахьана долуш цу махкахь политикан Iедал адамийн бакъонашна терго ян доладелла бохуш, Малхбузехь цхьаболчу политикан а, бизнесан а гуонашкахь кхобуш йолу ойла. Олимпиада дIа ма яьлла, Кремлан дай шаьш Iеминчу а, шаьшна аьхначу а агIор лела буьйлалур бу аьлла тешна бу уьш.

Берлинерчу Бёлль фондехь дIадаьхьначу цхьанакхетараллехь дакъалоцуш хилла волу вевзаш волу немцойн Оьрсийчоьнах волу аналист Шредер ХIанс -ХIеннинг а вац кеста Оьрсийчохь башха дика хийцамаш хир бу бохучух тешаш.

Даханчу шарахь ша Путинна йина критика бахьана долуш Оьрсийчу вахар цигарчу Iедалша дихкина волчу цу политолога карладаьккхира, ур-аталла Германехь а бакъйолу демократин пачхьалкхе немцойн махкахь демократин революци яьллачул тIаьхьа I00 шо даьлчий бен дIахIоьттина ца хилар. Ткъа тоталитаран зеделларг демократинчул дуккхаъ алсамох долчу Оьрсийчохь цу хIуманна кхин а дукхох хан оьшур ю аьлла хета цунна.
XS
SM
MD
LG