ТIекхочийла долу линкаш

Иракъехь хиллачу кхаа эккхийтарехь 59 стаг велла


Кхаарин дийнахь Иракъехь хиллачу кхаа эккхийтарехь велла, мел лаххара а, 59 стаг. Иттаннаш нахана чевнаш хилла. Ши эккхийтар байдадехь дина, кхоалгIаниг – Баакуб-гIалина уллерчу Шатуб-эвлахь.

Иракъан премьер-министро аль-Малики Нурис кхайкхам бина кхечу пачхьалкхашка а, ерриг кIоштана а, дуьненна а кхераме йолу, хьагI-гамонан цIераш туьйсучу экстремисташца къийсам латтош, Иракъана гIо дахьара, аьлла.

Иракъера хьал хIинца а чолхе лаьтта. Иракъан эскарш ду цу пачхьалкхан масех кIоштахь «Ал-Кхайдинца» уьйраш йолчу тобанашца тIемаш беш.

Иракъера коьртачу Iедална духьал болчу ницкъашка хIокху тIаьхьарчу кIиранашкахь урхалла лацаделла Анбар провинцера Рамади а, Фаллуджа а гIаланашна тIехь.
XS
SM
MD
LG