ТIекхочийла долу линкаш

Маршо радионо хIокху кIирнахь дийцаре даьккхинера хIара хаттар. Австрин Iедалша дуккха а нохчийн доьзалшкара бераш дIадаьхна меттигаш ю. Дийцарехь, доккха а, жима а бахьана долуш. Цхьаболчарна, бахьана данне дац аьлла хета.


Цу хиламан хIун бахьана го шуна, бохуш дара тхан хаттар.
Цу гIуллакхо сингаттам баьккхина ца Iаш, хIун дича, хIун хир дара те бохуш хеттара, Маршо радицоа зIене бийлинчу ладогIархоша. Дукхах берш къера бара, вайнаха, коьрта тидам, ахча даккхарна тIе хьажош хиларна.
Ишттачех ю Нохчийчура Фатима.


Австрин коьртачу гIалахь вехаш ву Адам. Хилларг хилла даьлла, цундела, бераш схьадаьхначу дай-наной Iалашо, меттигерчу Iедалшца бийца мотт карийна, бераш юхадерзон хьовса дезара бохучу тешна ву иза.


Венехь ехаш ю Заидат. Цунна а хета, шаьш бехачу пачхьалкхера мотт, низамаш, гIиллакхаш Iамон деза вайнаха, аьлла.


Кхо бер далош, Европе еана, царга массарга а университеташ яхийтина Лайлаъа. ЦIахь бераш юкъаралло Iамадора. ХIинца иза цигахь а дац аьттехьа. Буьззинчу барамехьЮ бер кхиоран жоьпалла, дений, нанний тIехь ду элира цо.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG