ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнца а, Кавказца а боьзна рогIера сацам бина Страсбургерчу Кхело


Европера Адамийн Бакъонийн Кхело Оьрсийчоь бехке йина, ши эзар хьалхара а, ши эзар пхиалгIачу а шерашкахь Нохчийчохь 14 стаг тIепаза вайъарна а, Нохчийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а доьзалан бакъонаш талхорна а.

Кхело шен беа сацамехь чIагIдо, Оьрсийчоьно церан гергарчеран декъий дIадаохка дIа ца даларца, церан бакъонаш йохийна, аьлла. И аьлла хаам бина «Правовая инициатива по России» а, цуьнан накъосталлин «Астрея» организацино а.

Ахматов, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал бохучу гIуллакхехь, Кхело 7 латкъам цхьаьанатоьхнера, Нохчийчохь оьрсийн эскархоша лецначул тIаьхьа тIепаза вайначу 14 стеган 27 гергарчо бина болу. Кхело бинчу сацамца, и нах шайн хIусамашкара оьрсийн эскархоша дIабигина бу, хIоттийна комендантан сахьт а долуш. Эскархой гIагI-диллинчу машенашкахь а, кхечу тIеман техникица а бахана хилла нехан хIусамашка.
XS
SM
MD
LG