ТIекхочийла долу линкаш

Билламаш болчу Шемехула дIахьочу конференцехь дакъа лоцур дац ТехIрано


ГIажарийчоьно дIахьедар дина, ТехIрано Шемана леринчу дуьненаюкъара конференцехь дакъа лоцур дац, нагахь, хьалххе дуьйна хIиттийна билламаш хилахь, аьлла.

Еарин дийнахь Москох, оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа и дIахьедар дира, гIажарийн арахьарчу гIуллакхийн министро Мохьмад Джавад Зарифа.

Лавровс Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организаце кхайкхам бинера, Дечкен беттан 22-чу дийнахь хир йолчу конференце гIажарийчоь а кхайкха, цу кIоштара лидерша гIо дан тарло, кхаа шаре дахделла догIу деврзон некъ лохуш, аьлла. Амма цу организацино аьлла, ханна хоржучу Iедалехь Асад Башар хир воцу кеп тIелацахь, тIаккха ТехIран ян мега цу конференце.
XS
SM
MD
LG