ТIекхочийла долу линкаш

Хьайбах йицъялийта агIо, декъий къайладаха меттиг а елхьара, Москох ирс долуш хир яра


Хьайбахах лаьцна деккъа цхьаъ бен доцчу жайнин мужулт. Авторш - Гаев Саламат, Хадисов Муса

Хьайбахах лаьцна деккъа цхьаъ бен доцчу жайнин мужулт. Авторш - Гаев Саламат, Хадисов Муса

Хьайбахехь, нохчийн историкаш ма бийцара боккха бохам хилла бац аьлла дийца долийна, оьрсийн хааамийн гIирсашкахь. Цунна доьхьал хIинца жоп кечдеш ду, меттигерачу историкаш. Амма, хIинцале гуш ду боху цара, иза цхьа леррина лелош хIума дуйла.

Масех де хьалха, Кавказехь долчу хьолан терго ечу интернет цхьа арадаларо, зорбане яькхкина, Крылов Антон цIе йолчу журналиста Хьайбахехь язъйина йолу артикал. Цу тIехь, толлуш бац и буохам, амма, леррина, къастош ду, нохчаша бинчу цу талламийн бух а, кхийолу агIонаш а.

Нохчаша ма дийцара цигахь, 600-700 адам дагийна ца хилар гучудолуш ду, хIунда аьлча, лаьттахь массийта стеган дакъий бен ца карийна, боху шен йозанан кхелле нахалла яьккхина журналиста Крыловс. Карийначеран декъий, дагийна хилар тоьшалш хилар ша а даре до, амма, нохчаша ма дийцара боккхачу барамехь бацара иза, боху цуо.

Къаьстина хIокху тIаьххьарчу цхьана шина шарахь, алсам дуьйлуш бу, Крыловс санна деш долу, цу тайпа белхаш. Цхьа Пыхайлов а тоьуш вара нохчашна, къам нийса дохийна, дохор Сталина шух бина къинхетам бара бохуш волу. ХIинца гарехь, цуьнан агIончийн могIанаш массийта стаган стамбелла.


Гаев Саламат

Гаев Саламат

ХIунда лелош ду и хIума? Хьайбахехь хилларг, Совета заманахь дуьйна, Iедалш а даре а дина, амма талла луучарна и юьрт йоцуш ю аьлла дIа а кхайкхина хилла ма ду.

И хаттар Маршо радионо делира «Хьайбах. Талам дIабоьдуш ду» цIе йолчу тептаран авторе Гаев Саламате. Цу шена билгала хууш ду боху, хIинца жигара хIунда боьвла и нах.

Гаев Саламат: «Иза, вай цIахь яьккхинчу «Чим» цIе йолчу кино бахьнехь ду. Цуьнан цIе а хуьйцура йолуш ю. «ДИцдан омра делла ду»- цхьа варинт, шозлогIаниг- «ДIадохадар». Михалков Никитас, «Чим» бохург йолушю, и цIе хийца еза аьлла боху. И фильм яьккха йолийначу дуьйна, цунна доьхьал долийна хIума ду иза.

ТIаккха, Крылов Антона цхьа а хIума тхуна даре дийра дац,иза ша дерг тоьшалш а долуш ду. Хрущевс комисси а кхоьллина цкъа дина ду, юха, Кашуркос а дина ду. Экспертиза а йина цунна. Бакъдерг дийцича, цигахь 700 я 800 хилла олийла дац. Мальсагов Зияуддис 600-700 хилла аьлла. Иза теш хилла цигахь».

Хьайбахехь байинчу нехан кхоччуш терахь хууш цхьанна а дац, амма, уьш 200 а 300 а хилла Iаш дац, боху Гаев Саламата. Цигахь гергар нах байинчеран шен дагахьлаьттачеран фамилеш а йогIу цуо.

Гаев Саламат: «Ас хIун боху? Сан доьзалера I4 стаг велла цигахь. Юьртден Батукаев Абухьажийн 19 стаг вагийна цигахь. ГелагаевгIеран 39 стаг вагийна цигахь. ГазуевгIеран-10 стаг вагийна. Дуккха а, 5, 10 вагийна доьзалш а бу. Тахана и нах цхьаммо а багар ца бина, уьш багар бан йиш а ца хилла церан. Бас боьххе гIаролла а хIоттадой, салтий богIу-ца богIу хьожуш дIадоьхкина уьш. 147 дакъ кешнашка дIадоьллина цигахь. Ткъа, йисина йолу даьIахкаш, ор а даьккхина цу чу дIайоьхкина».

«Чим» аьлла кино яьккха йолаеллера Нохчийчохь 2-3 шо хьалха. Иза доьххьарлера болх бара, леррина Хьабахах лаьцна йолу, йоккха кийсак шен чулацамехь а йолуш, бина болу. Колхозан божал чохь нах багор а гойтуш ду оцу филм чохь. Амма, иза араяла хан тIе мел кхочу, йоккха, цхьа тулгIе санна доьхьал болчеран аьзнаш алсам дала доладелла.

Оьрсийн ахчанах, нохчаша кино йоккхуш ю, оьрсийн эскархоша, нохчий багийна хилла бохуш, цIе а йолуш, цхьана социала машнехь язйинера, Кавказах зеделла эксперт ю, ша шех олуш йолчу, масла ткъе массийта шо долчу Юзик Юлияс. «Чим» кино яьккхинчара, иза араяьллалца, интервью хIинца луш яц, цуо новкъарло ярна кхоьруш. Гаев Саламата бахарехь, Хьабахехь кхин дIа талламаш ца байта, цу тIехь болх бина оьрсийн эскаро. И омра а хьангара ду хаа шена боху цо.

Гаев Саламат: «Массо а 700 стаг вайна карора вац цигахь. ХIинца-м и меттиг ша ерг аьхкина ю, яьккхий тоьпаш а йиттина. Эскаран кеманаш, беркеманаш а, йохийна иза. БIов а йохийна цигахь, гIала а йохийна. Цхьа а хIума карора яц вайна цигахь. Ца дина цара иза, ларамаза. Путинигара омра а хилла, дина ду иза, лаьттан тIера дIадаккха деза аьлла».

Истори шайна лучу агIора ерзо дикка Iаьмма Оьрсийчохь. Харц талламаш бухе а доьхкий, шайна луучу агIора дерзадо цара харцдина бакъдерг. КIай дерг кIай ду, Iаьржа дерг Iаьржа ду аьлла, оцу системина доьхьал ваьллачу стаган, кху дуьненахь цхьанна а психиатарна доьвзуш доцу цамгар а юккъедаьккхина дара. ХIинца, гарехь иза цамгар юха бIостнехь кхетта иза герз санна каралаьцначу нахана.

Тахана, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь, дийца долийна Нохчийчуьра 300 эзар оьрсийн вахархо нохчех веддера, царах 80 эзар зуда нохчийн божарш хьийзина, ткъа царах 30 эзар стаг вийна аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG