ТIекхочийла долу линкаш

"...хечийн когаш пасаташна чубоьхкина буй хьовсахьара..."


ОвхIан пачхьалкх -- Меттигера юртбахамхо ву, овхIанхойн салтичунна шен кисанаш гойтуш, 08Тов2010

ОвхIан пачхьалкх -- Меттигера юртбахамхо ву, овхIанхойн салтичунна шен кисанаш гойтуш, 08Тов2010

ХIораммо а шена-шена дуьйцу тахана Нохчийчохь кегийрхой сецабарх, Чоьхьарчу ГIуллакхийн Урхаллашка дIа а буьгуш лебарх а. Цхьаболчара, кхо кIира даьлча Сочехь дуьйлалучу Iаьнан Олимпан ловзаршца дузу кегийнах "литтар". Кхечара кхеторехь, нохчалла боху кхетам ларбарна тIехьажийна ду цаьрца кхетош-кхиоран болх марсабаккхар.

Сочера Олимпан ловзарш герга мел кхочу а кхерамазаллин гIулчаш яхар сихдина Нохчийчохь а. Зулам–талор дарх юкъаралла ларьеш, гIулчаш яха йолийна махкахь низамхоша а, къайлахчу сервисан белхоша а.

Ницкъаллин структураша кегий нах тIекхийла болабаларца, цу делан сохьта даьржина Нохчийчохь, вахабхойн дог-ойла, хьажам болу кегийрхой лоьцуш бу боху хабар. МогIарерчу наха цу кепара и кхетор бахьана ду сецош берш хечийн когаш чудоьхкина, мекх доцуш, куьйса мажош йолу кIентий хиларца. Амма бахархоша а, Iедалан векалша а бакъ ца до, дIабигнарш набахтехь кхобу бохург.

Массара а чIагIдарца бертахь а, бертаза а Iедална тIебигнарш лебеш, хеттарш а дой , мукъабовлуьйтуш бу. Цхьа юрт ца йисна, гарехь, низамхоша дIа а буьгуш, кегийрхошка барт-хаттам ца беш.Уьш лецар хьокъехь бен-бен дуьйцу нохчашлахь. Цхьаболчара вочух ларбеш дIабуьгу бах, кхечара Соьлжа-гIала цхьа эккхийтар дан гIерташ тоба гучуяларца дузу и зераш. Цу хьокъехь, шайн юьртара вигна левинарг 6 кIант ву бохуш, дуьйцуш ву Соьлжа гIалин кIоштера вахархо Султан.

Султан: «Бераш лецарх тайп-тайпана дуьйцу. Лецар бакъду. ДIабуьгу,бакъду дукха хье ца беш цIа бохкуьйту. Тхан юьртара цIарца бийца а йиш йолуш 6-7 жима стаг вигна. Хеттарш дина,зераш дина къаьсттина телпонаш теллина. Йиттина,ницкъ бина бохург бакъ дац. Жима хIума доллушехь шозза бигнарш а бу. ХIинца дуьйна дIа дIабуьгуш лаьттар ду боху.
Стенна хьийзабо мисканаш? Бахархошна кIордийна ладегIам. Цундела наха наьIалт олу вахабхошна тIаьхьабозуш мел болчарна. Доцца аьлчи и хьаьрчина лелаш берш а, мажош дIахеццарш а хаза нехан санна тидам-тергоне эцна-кх».

Кху Дечкен-беттан 16-17 –гIий деношкахь массо кIошташкахь гулам –цхьаьнакхетарш дIадехьна гIантдайша а, муфтияташа а цхьаьна. Цига дIагулвина хилла Iедалан балхахь мел волу хьаькам ву мел бохург. Цигахь хьулам а ца беш дIакхайкхийна жима шеко йолу кIант велахь кIант а, йоI елахь йоI а сацор хилар а, шеконаш цхьалха йовллалц цаьрца кхетош-кхиорна болх дIахьур хилар а.

Официала билгалдаккхарца духар ишта-вуьштаниг леладо аьлла лоцуш стагга а вац я маж–мекх а дац хьесапе оьцуш дерг. Тидаме оьцурш шеконан уьйр-зIенаш ю, вайнехан гIиллакх-Iадатца ца догIу хIумнаш, тарлуш боцу хьажам-билламаш. Масала кху муьрехь Iедалдайн гуламашкахь, вайнехан синлаттамна хийра, эхье хIума санна дагардеш ду, цхьана кIоштехь цхьа бусалбан стаг ши йиша долаяккха гIортар а, мехкарий-зударий саламаш дала гIертар а, вай сих-цIийх ийна цхьацца синкъерамаш, даздарш емалдар а ишта кх. дIа а.

Доцца аьлчи тахана вайнехан юкъараллехь шуьйра дийцаре долуш ду нохчийн къам шен хIотIах доха Iалашо лаьцча санна, цхьаболчара юьхьарлоьцу къоман синкхетамна хийра, акха хIумнаш.

«И духар леладе, важа ма леладе бохуш дозанаш детта бохург бакъ дац. Селхана кхеташонехь ву–кх со ЧIуьлга-юьртахь. «Шайн доьзалхоша хIун леладо хьажахьара, бала кхачахьара, уьйраш хьаьнца лелайо, къаьсттина зIенехула хьовсахьара. Хечин ког пасатана чу боьллиний? Маж-мекх ишта даций, вуьшта хила дезий, бохуш бехкамаш кхийдабо бохург бакъ дац шуна...»

Цу кепара къамел хилла боху Теркйист кIоштехь тIаьххьара даехьначу кхеташонан декъашхо хиллачу лоьро Баскариев Хизарс. Цо дийцарехь коьртачу декъана цигахь дина къамелаш тIехьажийна хилла юкъараллехь кхерамазалла ларьярна а, нохчийн гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ лардарна а.
XS
SM
MD
LG