ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь адамаш тIепаза дайъарна Оьрсийчоь бехке йина Страсбургера кхело


Ши эзар хьалхара а, ши эзар пхиалгIачу а шерашкахь Нохчийчохь 14 стаг тIепаза вайъар хьокъехь ша бинчу сацамехь Европера Адамийн Бакъонийн Кхело мукIарло дина, оцу нехан бакъонаш йойхийнера, аьлла. Оцу нахана хилла зе меттахIоттош, 950,000 (исс бIе шовзткъе итт эзар) евро гIуда такхар а тIедиллина Оьрсийчоьнан Iедалшна.

И гIуллакх, Нохчийчоьнан тайп-тайпана кIошташкара 27 вахархочо чуделла а, ворхI латкъамах лаьтташ а дара. Шайн латкъамашкахь цара дийцинера, оьрсийн Iедалша маситтаза а шайн гергарнаш лохуш, талламан гIуллакхаш долийна хилар а, амма, уьш муха байна а, бахана меттиг а къаста ца ййинера, бохуш.

Оьрсийчоьно Европан Адамийн бакъонийн Конвенцера цхьа моггIа артиклш йохийна хилар билгалдаьккхинера латкъамхоша – стеган ваха йолу бакъо йохийна хилар а, къизалла а, адамаллица ца догIу, стеган сий дайъар а доьхкуш йолу артиклш йохийна хилар а.

Страсбургера Адамийн бакъонийн Кхело бина сацам тIаьххьара бац. Кхаа баттахь Кхелан Йоккхачу Хiусаме таллийта и гIуллакх дIадалийта деха йиш ю шина агIонан.
XS
SM
MD
LG