ТIекхочийла долу линкаш

"Женева-2" дуьненаюкъара конференце гIур дац шаьш боху, Шемара Къоман Коалицин векалша


Шеман Iедалша дIахьедар дина, шаьш кийча ду, герз карарчу оппозицица, йийсаре бигинчеран цIейозанаш дIасадала, аьлла. Москох, оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца шен дагадовларш хиллачул т1аьхьа и аьлла дIахьедар дина, Шеман арахьарчу гIуллакхийн министро Валида Муаллема.

Муаллема билгалдаьккхира, Алеппохь герз деттар сацорца йоьзна план йовзийтина ша Лавровга, аьлла. Шайна цу тIехь гIо дар дийхира цо, оьрсийн арахарчу гIуллакхийн министралле.

Оццу дийнахь, Истмалехь цхьанакхетар дIадаьхьира Шеман оппозицин Къоман Коалицин векалша. Цу цхьанакхетарехь цара къастор ду, Дечкен беттан 22-чу дийнахь Женевехь дIахьон йолчу, Шемара дов дерзоран некъ лахаран конференце шаьш гIур ду-дац.

Коалицина юкъайогIуш йолу, коьрта партеш «Женева-2» олучу конференце йогIийла лууш ю Iамерка а, цуьнан бертахой а. Делахь а, дукхах болчара шаьш Швейцаре гIур дац, аьлла.
XS
SM
MD
LG