ТIекхочийла долу линкаш

Берийн дуьхьа ша-дерриг


Австри - Нохчийн школера нохчийн бераш, Вена, 21ГIу2013

Австри - Нохчийн школера нохчийн бераш, Вена, 21ГIу2013

Кху кIиранахь Маршо радионо дийцаре деш ду Европехь бехачу цхьаццаболчу нохчийн доьзалшкара бераш Iедало дIа а дохий, уьш лелон резаболчу меттигерачу бахархошка дIалуш хилар. Дукхахьолехь цу берашна шайн дай-наноша етта боху бахьана хуьлу Iедало юхьаралоцург. Амма Австрехь и санна долу хIума шайна тIеIоттаделлачу нохчийн зударша дацаре до, шаьш шайн берашна йиттина хилар.


ТIамах я Iедалийн харцонех бевдда цIера арабевллачарна, шаьш сел хала а, баланашца а и массийта эзар чакхарма беха некъ, ДегIастанара Европе кхаччалца болу, юхьаралоцучу хенахь вуочу гIенашкахь а дагадеъна хир дацара, кхерамазаллин а, керлачу ирсечу дахаран а гIайре лерина хиллачу махкахь шаьшна и тайпа бала гур бу аьлла – шайн бераш Iедало дIа а даьхна, муьлш бу а ца хуучу я дахарехь цкъа а гина а боцучу хийрачу нахана дIадалар.

И хIума ша санна лазаме ду цунна тIе далош долу бахьанаш – Iедало дена-нанна шайн берашна ницкъ бо, царна ян ма-еззара терго ца йо, я уьш тессина дуьту боху бехк биллар. Шайн сил а дукха везачу доьзалхочуьнца да я нана къиза хилла, и бер цуьнгара Iедало дIаккхалла бохург дан а ду инзаре хIума.

Къаьстина вайнехан наношна, дукхахьолехь и дуьххьара доьзалхо дуьненчу ваьллачул тIаьхьа, шегахь мел хало а, бала белахь а, „цу берийн дуьхьа“ бохуш, дуккха а хIумнаш ла а ловш, дуккха а халонаш а Iовшуш, царех ца бовла герташ бехаш хуьлуш болчу. Я болх, я некъ, я доттагIийн марзо а, - и цхьа шен сиха бевлла доьзалхой боцург, - самукъадала а, Iехаяла а доллучу дуьненчохь хIума а доцуш.

ТIаккха цхьана дийнахь Iедало и бер, - дукхахьолехь бераш- дIадаьхча, цуьнан дерриге а дуьне, са а, дахаран маьIна дов. Иза ца кхета, шегара хIун даьлла, я шена хуьлуш дерг хIун ду а. Ирс а, кхерамазалла а, керла дахар а цуо лехначу махках цунна бала хуьлу, вайнахалахь цкъа а буьйцу ца хезна болу бала - тIехула тIе.

Ишттачу хьолехь ю Австрерчу Брегенц гIалахь ехаш йолу, шен бакъйолу цIе йовзийта ца лиина йолу къона зуда. Вай цунах Зарема эр ду. Кхо бер дIа даьккхина цуьнгара Iедало масех шо хьалха. Шен жимах йолу йоI меттигерачу бердаран дарбан цIийнахь дуьненчу аьлча, иза заьIап хилар гучудаьлча дуьйна схьа, йолийра ша Iедало хьийзо, бохуш, дуьйцу цуо.

Зарема: „Ши кIант, цхьа йоI – кхоъ бер дIадаьккхина цара соьгара. Кхозлаха йолу и йоI заьIап дуьненчу яьллера сан, Далла харцахьа ма хоьтийла аларна. Со иза йина лоьрийн цIийнахь йолуш лоьраша соьга элира, хьуо хьуо ю, хIусамда а воцуш, кхин а шиъ жима бер ду хьан, хьоьга и йоI лелалур яц, иза кхузахь йита еза ахь, аьлла.

Ас тIе а ца дитира, суна сайн бер деза, иза могуш делахь а, иза заьIап делахь а, ас иза дуьтур дац, тхан Iедал дац иштта бер дIатоссуш, аьлла. Иштта иза кIелхьара а яьккхина, цIаеара со. ХIетахь дуьйна бале лаьцнера цара со. Дийнахь богIуш талламаш бан, буьйсанна богIуш, чохь цIена юйла хьовсуш, юург юйла хьовсуш, берашна етта-м ца етта хьовсуш, ас и бераш муха леладо хьовсуш а.

Сан шозлаха волу кIант берийн бешахь вара, иза ловзуш уьйтIахь лазийна, цхьа махцалг яьллера цуьнан когах, иза бахьана долуш, ахь берашна йиттина, шу берашна етташ Iедал ду, аьлла, и бераш дIа а даьхна, йити-кх цара со."

Заремас данне а бакъ дац боху ша шен берех лета бохург, мелхо а церан дуьхьа лелош дара ша мел лелош дерг а, ша Iедалан системин харцонан закъалт ю бохуш дуьйцу.

Зарема: „Кху гена пана -махка а еъна, ас берашна еттар а яцара. И бераш дадийна еана яра со кхуза, цу берийн гIуллакхна, церан дуьхьа. Иштта хьийзош ю-кх со цу наха, цхьа а бехк а боцуш, сайн берех а яьккхина. ХIуъу дина а, ушь сайга схьадахаделлехь-м йодур яра со кхузара“.

Шен доьзал шегара харцонца дIабаькхина а бу, иза иштта дуйла ша мичча агIор дина а тIе а чIагIдийра ду аьлла тешна ю берийн нана.

Зарема: „Со-м дера яц иштта Iе дагахь сайн кхо бер дIа а делла. Сайн сил сайна дукха дезаш долу. Со муха Iийр ю? Со хьенан дуьхьа Iийр ю, цу берийн дуьхьий бен? Нохчийл дика наной бан а ма бац! Харцо ма ю цара соьга юьйцуш ерг! И йоI заьIап, иза хьоьга лелалур яц, сан гIо-накъосталла дан стаг вац, бохуш, тIаьхьабевлла ма бара уьш суна. Ас сайн бераш меца а ца дитина, цхьана дийнахь а ойла ца хилла сан, суо сайн берех дIакхетар яц, уьш суна схьалур дац, аьлла“.

Карарчу хенахь шен доьзал юхаберзорхьама къахьоьгуш ю Зарема. Баттахь цкъа шаьш тIеэцначу доьзалера векалшца леринчу цхьаьнакхетаре даладо цуьнан доккхах долу ши бер. Ткъа жимох йолу могуш йоцуш йолу йоI Iедало цомгашчу берашна биначу Iуналла даран кхерчахь ю цуьнан. Ша Зарема меттигерачу социалан белхахойн а, юкъараллин жигархойн а хьехарца, карарчу хенахь синан лоьрана тIе а оьхуш, терапи еш ю.

Зарема: „Со тIеяханчу адвокаташа а, адамийн бакъонашларйайрхоша а суна хьехар дина, цкъачунна собар де, психологана тIе а оьхуш, хьайна дарба дойтуш ю а алий, хаза жимма синтеме а ерзий, хIума де, аьлла. Iедална гергахь а, хьайн могашалла тоелла алий гайта.

Царна далийна долу бахьана хьан нерваш дика яц, цундела хьо берех лета бохург дара, и бахьана дIадаккха деза, аьлла цара хьехар а дина, лоьран тIеоьхуш ю со. Цул тIаьхьа а цара суна уьш схьа ца лахь, со кхеле ца яьлча, ер яц. ТIаккха хьажа еза-кх со, кхин дIа айса хIун да деза. Амма со сайн бераш царна а дитина, Iийр ю бохург бакъ дац. Дера Iийр яц!“.

Иштта бу Австрехь Iедало бераш дIадаьхначу доьзалерачу цхьаьна ненан кхоллам. Амма иза ша цхьаъ хилла ца Iа. Бакъйолу статистика цхьанна а евзаш яцахь а, амма хIинцале а иттанашкахь бу и доьзалш. Ткъа хIора а доьзалера 2-3, я 4-5 бер дIадаьккхина хиларна, цу берийн терахь, схьахетарехь, тоххарехь бIенал тIехдаьллачух тера ду.
XS
SM
MD
LG