ТIекхочийла долу линкаш

Кабулера ресторанна динчу тIелатарехь велла 21 стаг


ПIераскан дийнахь ОвхIан-пачхьалкхан коьрта Кабул-гIалахь, ресторанна динчу тIелатарехь велла 21 стаг. Царна юкъара 13 арахьарчу мехкашкара нах бара. ОвхIанхойн Iедалша бахарехь, цигахь валар нисделла Дуьненаюкъара валютийн фондан ОвхIанера векалан а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин виъ белхахочуьн а. Мел лаххара а пхеа стагана чевнаш йина.

Полицин хьесапехь, валар араваьлла хиллачу стага ша шех эккхийтинера, ресторанан неIаргехь. Цул тIаьхьа герзаца чу иккхинчу шина стага, ресторанан хьешашна тIе герз диттина. Полицино и шиъ вийна.

Кабулера Вазир Акбар Хан кIоштара ресторан, дуккха а арахьарчу пачхьалкхийн векалаллаш йолчу меттигехь хиларна, цу чу оьхурш, коьртачу декъана, арахьара нах бу.

Оцу тIелатарх долу жоьпалла шайна тIелаьцна тIалибаша. Церан векало ЗабихIуллахI МуджахIида яздина твиттерехь, Iамеркан тIеманхоша шинарин дийнахь Парван провинцина тIе хIаваэара герзаш а диттина, маьрша нах байъарна дуьхьал бина бекхам бара иза.
XS
SM
MD
LG