ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йоьду я ца йоьду Шемара оппозици «Женева-2» конференце?


Шоьтан дийнахь, Туркойчура Истмал-гIалахь цхьанакхетар дIадаьхьира Шеман оппозицин Къоман Коалицин векалша. Цу цхьанакхетарехь уьш къастон хьовсуш бу, Дечкен беттан 22-чу дийнахь Женевехь дIахьон йолчу, Шемара дов дерзоран некъ лахаран конференце шаьш гIур ду-дац. ПIераскан дийнахь цу тIехь барт ца хуьлуш, и тайпа сацам тIеэцаза биснера уьш.

Коалицина юкъайогIуш йолу коьрта партеш «Женева-2» олучу конференце йогIийла лууш ю Iамерка а, цуьнан бертахой а. Делахь а, дукхах болчара шаьш Швейцаре гIур дац, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG