ТIекхочийла долу линкаш

Оппозицица къамел дийр ду Янукович Виктора



Оппозицица къамел дан реза хилла Украинан президент Янукович Виктор шайн шахьарахь протестхошний, полициний юкъахь летарш хиллачул тIаьхьа. Кризисах мохк хьалхабаккха Iалашонца ша оппозицица дийцаршка гIон йолу леррина комисси кхоьллина, элира Януковича.

КIиранан буса, мехкдаьттах дуьзина шишанаш кхуьйсуш, массех машен а, автобус а ягийна, алссам полисхошна а йиттина гуламхоша Киевехь. 200 сов стаг лазийна летаршкахь. Лаьцначаралахь ву Маршо Радион ши корреспондент а.

Гуламаш юхагIовттаран бахьана ду парламент протесте бевллачу нахана дуьхьалдаха луьра низамаш кечдеш хилар. Кхо бутт бу Киевехь шайн мохк Европана гергабоьдийла луучу бахархойн гуламаш лаьтта.
XS
SM
MD
LG