ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уран кхиор сацош ю ГIажарийчоь



Зарратан маьIда - уран - кечдар сацийна ГIажарийчоьно, Брюсселехь бинчу зарратца боьзначу сацамашца а догIуш, хаам бина ТехIеранерчу пачхьалкхан телевизионо. Цо дийцарехь, Натанзе а, Фордо а гIаланашкахь сацийна и белхаш, барамехь дакъалоцуш заррат лелорна тIехьовсу дуьненаюкъара организацин векалш а болуш. Иза бакъдина пачхьалкхийн цIарх заррат дехкархоша шаьш а.

Китай, Ингалсе, Франци, Германи, Оьрсийчоь цхьана агIор а, ГIажарийчоь вукха агIор а йолуш дIадаьхьначу дийцарийн жамI ду иза. ГIажарошна заррат лелор сацор къобалдечу пачхьалкхаша дош делла цунна шаьш тоьхна лаьтта экономикан эмбарго яйъян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG