ТIекхочийла долу линкаш

Кхо стаг вийна Iедало ХIинжа-ГIалахь



Оршотдийнахь ХIинжа-ГIалин шина меттехь - Эльдарован урамехь а, Керла Кяхулай олучу юьртахь а Iедалан ницкъаша шаьш гобинчу шина цIа чуьра вийна кхо стаг. Уьш тIемалой хилла, Iедало чIагIдарехь. Царех цIарца вуьйцург ву 25 шо кхаьчна Хасаев Арсланбек.

Iедалера боцчу хаамца, кхо тIемало велле, царех дIа а къаьстина, ницкъахойн карабахана ши зуда а, ши бер а.
XS
SM
MD
LG