ТIекхочийла долу линкаш

Политковская ер таллар юкъахдаьккхина кхело



Москох-гIалин кхело кIиранна тIехьатеттина «Керлачу газетера» журналист Политковская Анна ерах долу дов талларан болх. Хууш ма-хиллара, жоьпе ийзош ву цигахь виъ нохчо а, полицехь болх бина цхьа гIезало а. Бехк тIе ца эцна цхьаммо а. Дехьатеттина кхел керлачу адвокатна девнан бух бовзийта хан луш. Оцу девнехь шен махкахойн агIо лоцуш волу адвокат Мусаев Мурад а ву Iедало зуламаш дарна жоьпе ийзош.
XS
SM
MD
LG