ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаев Мурадан "зуламаш" толлуш ю прокуратура


Оьрсийчоь -- Мусаев Мурад, адвокат, Москох, 2009
Оьрсийчоь -- Мусаев Мурад, адвокат, Москох, 2009

Оьрсийчохь коррупцино а, толитаризмо а лаьцна адамийн дахар аттачу даккхарехьа къуьйсучех лору дуккхаъчу нохчаша хьовха, оьрсаша а, кху шерашкахь уггаре гIарадевллачу кхелан девнашкахь дакъалоцуш волу адвокат Мусаев Мурад. Цуьнан агIо лоцуш бу Нохчийчуьра могIархой а, бакъоларъярхой а.




Мусаев Мурадна дуьхьал талламан ши гIуллакх гIаттийначул тIаьхьа кхочучу хаамашка даима а хьовсу нохчий. Оцу, шен хене хьаьжжина а доцуш, Оьрсийчохь тахана зеделлачарах адвокат волчу Мусаев Мурадан накъосталла дийр долуш бара, амма цхьанна а тайпа магош дац тахана Нохчийчохь митингаш дIаяхьа а, Iедалшна луьш хIума дан-м муххале а.

Цундела, адвокатна тIеIаткъам бан болийначу талламан комитете а, прокуратуре а кехаташ дахьийтинера нохчийн бакъонашларъярхоша. ХIокху деношкахь царна жоп а кхаьчна цигара. Церан чулацамехь коьртаниг ду - Мусаев Мурадан хьокъехь долийна гIуллакхаш бух а, бахьана а долуш ду аьлла билгалдаьккхина хилар. Талламан хьукматашка кехат яздинчарех цхьаъ ву бакъонашларъярхо Эжиев Минкаил. Цо иштта дийцира Маршо Радиога.

Эжиев: «Оха Москох дахьийтина кехаташ дара. Тхуна цигара жоьпаш деъна. Талламан комитетера а, Инарла прокуратурера а. Цара хIун боху? Шаьш и кехатан таллам бина боху. Цара и ши а гIуллакх низамехь ду боху. Цул совнаха, шаьш хаам бо аьлла тIетоьхна а ду, Мусаев Мурадан агIор 30 адвокат ву аьлла».

Прокуратуро а, талламан комитето а, адвокатна тIехь долийна гIуллакхаш догIуш ду аьлла жоп деллехь а, цунна реза бац нохчийн бакъонашларъярхой. Эжиев Минкаила бахарехь, шаьш Мусаев Мурадан тIехIуьттуш бен болх сацор бац, цуьнгахь долу похIма а, иза цIена хилар а даре а деш.

Эжиев: «Оха керла кехат а ду кечдеш, юха а оццу прокуратуре а, талламан комитете а. ХIунда аьлча, тхо теш а долуш, хIуманаш гина ду, Мусаев Мурада низамехь доцуш ког баьккхина бац аьлла. Цунна низамехь а доцуш Iаткъам бо аьлла а хета тхуна. И ши дов сацо деза аьлла а хета. Иза ца дахь, вайн махкана хьовха, ерриге а Оьрсийчоьнна бохам хир бу».

Мусаев Мурадан гонах яьккхинчу говгIане лерг диллина ладоьгIуш бу Таьнги-чуьра бахархой а. Буданов Юрий верах кхаъ хилла болу уьш хIинца кхета, адвокатна Iаткъам бар хIуьттаренаш юйла. Дуьйцу Будановс йийначу Кунгаева Эльзин девашас Кунгаев Iадлана.

Кунгаев: «Шайн кхин дан хIума доцуш, нохчий гIарчI-аьлла охьатаIон лелош хIума ду-кх иза. Кхин хIун бахьана хир ду иза? Цо (Будановс) юьртахь латтийна Iазап 3-4 баттахь, иза дуьйцуш а дац. Юьртарчу муьлххачо дуьйцур ду-кх хьуна, тIеводахь».

Оццула чIогIа нохчашна везаш а, цунах церан бIобулуш а хилча, Нохчийчохь митингашка ара хIунда ца бевлира бахархой? Кунгаев Iадланна хетарехь, Мусаев Мурадан гIонна нах ара бевр боцуш бацара. Цунна тIахьахIуьттур берш кIезиг а бац, боху цо

Кунгаев: «Цу Мурадна тIаьхьа а хIоьттина, муьлххачу а стага митинг йийр-м яра. Цхьаберш….хьуна ма хаъара ду-кх хIара гIуллакх. Бакълуьйчу стагна тIаьхьа ца хIутту? Ткъа иза бакъ луьйш вуйла дуьненна а хаа-кх. Телехьожийлехь а гуш дара-кх, цунна цара лелош йолу харцо, иза цIахь воццушехь, цуьнан петарахь беш болу талламаш».

Шалхенна а, харцонна а тIехь, лаьтташ долу Мусаев Мурадан и дов Оьрсийчоьнан кхелан практикехь ша тайпа меттиг дIалоцуш а дац. Дуккха а кхелаш йина суьдхоша Iедалан пурбанца, цара аьлла болу сацам а беш. Цундела оцу гIуллакхехь нийсо тулур ю олийла а дац. Иза аьлла хета Оьрсийчоьнан талламан а, кхелан а система евзачу дукхаъчу говзанчашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG