ТIекхочийла долу линкаш

Лавров Сергей: ГIажарийчоь а хила еза Шемара хьал дуьйцучохь



Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрна Лавров Сергейна хетарехь, «гIалат ду, амма кIоршаме дац» Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино Шемара хьал берта дерзош долочу дийцаршка ГIажаричоь цакхайкхар. Москох шинарий дийнахь ша еллачу интервьюхь, Ги Мун Пан сиха вац Цхьанакхеттачу къаьмнийн сий айдеш хьийза, элира Лавровс.

ГIажарийчоь тIех ал-Асад Башарехьа хиларна а, оцу позици тIера иза яла лерина яцарна а ца кхайкхина Женевехь хуьлучу дийцаршка, элира хьалхо Ги Мун Пана. Iамерка а реза яцара дийцаршна юкъа ГIажарийчоь кхачийта. Иштта, билгалдалаза дуьсу, Шемара оппозици гIур ю, я яц Женеве бохург а.
XS
SM
MD
LG