ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Берта юкъаяха лаьа Сербина



Сербино официалехь дийцарш долийна Брюсселехь ша ЕвроБерта юкъаэцар доьхуш.

Дийцарийн мур шинарий дийнахь болабелла, иза юкъаметтигийн керла агIо ю, элира Европан мехкийн гергарлонаш шордарх жоп лучу комиссара Фюле Штефана. Сербино тIаьххьарчу ахбIе шера чохь шена уггаре еза ларайогIу гIулч ю хIинца цо йоккхург, элира дийцарш доладаларх лаьцна Сербин премьер-министра Дачич Ивица.

2020-гIа шо тIекхачале шайн мохк ЕвроБерта юкъабогIуш хиларе са а туьйсу шаьш, бохура Дачича. Европано шен декъа Серби ялош хьалхатотту цо Косовоца шен юкъаметтигаш машаре ерзор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG