ТIекхочийла долу линкаш

Ленин вицвина, Советан Iедал духхушехь...


Советан Iедалан баьчча Ленин Владимир

Советан Iедалан баьчча Ленин Владимир

90 шо кхаьчна социализман баьчча а, цкъа а духур дац моьттина Советан Iедал Оьрсийчохь даьккхина а, даржийна а волу лидер Ульянов (Ленин) Владимир велла.





Ленин (Ульянов) Владимир. 1917-гIа шо. Карчам. Николай-паччахьан Iедал дохийна, эзарнаш нехан кхолламаш кеггийна, буххера дуьйна пачхьалкхан хIоттам хийцина стаг –политик.

15-16 шерашкарчу дешархошна а, ткъе итт шаре кхаччалц болчу кегийрхошна а хууш дац Ленин мила хилла а, цо хIун дина а. Со кхаьчначу шина школехь, масала, и маца вина, маца кхелхина бохург хьехо хьашто а йоцуш, Ульянов вовзар вуно лахарчу тIегIанахь дара. ЛадогIийша шаьш.

Маршо Радио: Ульянов мила ву?

«Ульяновввий? Ва, и мила вара-а? Писатель вац иза? Хьуна хаьий Ульянов мила ву? Эшар локхуш ву иза я политик ву?

Маршо Радио: - Ленин мила ву? 1917 шарахь хIун хилла?

Беларш дара, жоп дацара.

Маршо Радио: - Хьо 9-чу классан дешархо ву. Ленин мила ву?

«Писатель хилла-кх».

Маршо Радио: -1917 шарахь хIун хилла?

«Ца хаьа, дага ца догIу».

Ленин Владимир мила хилла хаарехь, я и вовза лаарехь цуьрриг саготта ца карабора школера бевлла кегийрхой а. Цхьаболучара, цхьа пал туьйсуш санна, и мила хилла хаа гIерташ, цунах яздархо а вора, Iаьржа белхало а вора. Цхьамма-м, бIаьрганегIар а ца тухуш, токарь а вира шен хенахь дош леллачу коммунистийн баьччанах.

«Ленин мила ву суна-м хаьа. Немцо хилла-кх. Писатель ву-кх. 1917-чу шарахь хIун хилла суна-м ца хаьа. Токар хилла-кх".

Ленин мел вевза хаа деллачу хеттаршна дешархоша а, кегийрхоша а луш долчу жоьпех цецвийла меттиг йоций хиира суна хьехархой лебан баьхча. Церан а, школан а цIерш яха хьашто ю аьлла ца хета суна. Билггал бакъ долуш, соьца къамел дийраш 24-25 шераш долу хьехархой бу. Цхьаъ - математик, важа - психолог.

Маршо Радио: Ленина хIун дина. 1917 шарахь хIун хилла?

«Ца хаьа суна-м. Баккъал а боху ас-м, суна-м ца хаьа». «Суна-м ца хаьа».

Ленинан хьокъехь деллачу жоьпех цецваьккхинчу сан цхьана школехь "завуч" олучу, дешаран декъан директоран гIоьнчане хатта дийзира, школан программа юкъара Ульянов Владимир а, цуьнан "сийлахь карчам" а дIа-м ца баьккхина, аьлла. Жоп къастам боллуш дара: ца баьккхина.

Ала дашна, къоначарна Ленинал а дика вевзара Сталин. И вовзар доьзна ду чот йоцуш дукха бахархой лецарца а, хенаш а тухуш, чубохкарца а, тоьпаш туху кхел кхайкхош, байарца а.

Коьртачу декъанна, ткъе деа-пхеа шарера бевллачу кегийрхойн Сталин вовзар доьзна ду нохчийн къам дохадарца. Массара а бохург санна, и мича даржехь, муьлхачу къомах хилла ца хуъчара а дийнна къам кхойтта шеран Сибреха хьажорна бехке лоруш верг и вара. Царна доккха хIетал-метал дара иза Ленинца цхьаьна Iедалан коьрте вар а, и велча Советан Iедал цо шен карадерзор а.
XS
SM
MD
LG