ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIий Iени Киевехь эххара а...



Полицино кхаарий дийнахь Киевехь герз детташ, цхьана хаамашца - кхоъ, вукху хаамашца - шиъ стаг а вуьйш, гуламан майда цIанйинчул тIаьхьа оппозицин лидершца дийцаршка хиира Украинан президент Янукович Виктор. Къамеле кхайкхинарш бара Кличко Виталий, Яценюк Арсений, Тягнибок Олег. Хилла къамел дац, кхочучу хаамашца, барт чIагIбан таро луш.

Оцу юкъанна полицин урхалло чIагIдо, шен ницкъаша стаг вен таро йолу патармаш лелийна а дац гулам бохош, бохуш. Халкъана дуьхьал ницкъ баккхар мел кхераме ду хоуьйтуш, дIахьедар дина Европан Комиссин президента Баррозу Жозес.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG