ТIекхочийла долу линкаш

Ал-Къаидан карахь ю Фалуджи хIинца а



Иракъан премьер-министра ал-Малики Нурис рогIехь дехна Анбар-провинцин бахархошка шайн кIоштара, Эл-Фуджи-гIалара, ал-къаидахой лахкар. «Церна боьха гIуллакхех гIала а, халкъ а цIанден хан еъна», элира Нурис ша кхаарий дийнахь телефизионехула къамел деш, шена цIийн ца Iена некъ оьшийла а къадош.

И дIахьедар дара, доккхачу декъанна, ал-къаидахой суннатех ларалуш хиларе терра, суннатийн 1еламнахера гIо хиларна тIехьажийна. Фалуджи а, Рамади-гIалин дакъа а ду Ислам-пачхьалкх Иракъ а, Левант а шайх олучу тIеман тобанийн карахь. 2,5 эзар доьзалш мухIажирш бевлла Анбарера.
XS
SM
MD
LG