ТIекхочийла долу линкаш

Сочех дуьне къахкош кехаташ даьржа интернетехула



Сочерчу Олимпиаде боьлхучу шайн-шайн векалшна кхерамаш туьйсуш, электронан кехаташ даьхкина, аьлла, дIахьедина кхаарий дийнахь Германерчу, Италерчу, Словенерчу Олимпан комитетан векалша. И тайпа кехат деъна шайга, элира хьалхо Олимпан дуьненан комитетан векал волчу Боркай Жолта а.

Кхерам тосуш даьхкина кехаташ тергонза ца дуьтуш, полице хьовсийна мехкийн комитеташа. Бух боллуш бу туьйсу кхерамаш, аьлла бу, масала, Германин векалша шайн махкахь баржийна хаам.
XS
SM
MD
LG