ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мажо вен а сахьт дац нохчо


Маж йошуш
Маж йошуш

Салафийян сибат долчу нахана гIелонаш ян йолийна Нохчийчохь. Тергоне оьцу мажош а, дIадаьшна мекхаш а, хьалакарчийна хечийн когаш а. Цхьайолчу меттигашкахь полисхой лела шайца маж йошу машенаш а йолуш.




Еха маж лелор дика лоруш хIума дац Нохчийчохь.

Тахана Нохчийчуьра иттаннах цхьаъ бен хир вац маж-мекх ца лелош. Иза, божарийн цхьа билгало санна ю. Иза моде дирзина хан дага а ца йогIу. Наггахь бен вац дийнахь шозза хьалнехьа маж йошуш. Карарчу замано чIагIйина, дIахIоттийна и билгало - гIехьчулла маж йитар а, коьртахь пес лелор а.

30-х шо долу Эльдар Соьлжа-гIалахь машенаш таяран станцехь болх беш ву. Ша иман долуш бусулба хиларна цо Пайхамаран суннатца лелош ю, мекхаш дIа а лергина, еха маж. Ламаз а, марха а долчу цунна дукхачу хьолехь тIеоьху машенашлелархой.

Амма цхьа ши де хьалха иза ца вевзинера белхан накъосташна. Маж а яьшна, мискан метта, Iатаран хьожа а йогIуш, жима стаг шайна гича, цецбевла хилла уьш. Маж дIаяьккхина ша, урамашкахь дIаваха а, схьаван а ца вуьту дела. ТIаккха, цхьа бала шена а, шен гергарчу нахана а тIебахьачул, маж дIаяьккхар гIолехьа хетта шена, аьлла, бакъдерг дийцина цо цаьрга.

Кхин деха хеттарш дан а дог ца догIу стаге, иштта сийсазваккхарна, оза а велла, и хIума динчуьнга.

Дукха хан йоцуцш Москохара хьажахIотта цIа веана вара Iела цIе йолу жима стаг. Дукха жима волуш дуьйнаохьтохаран спортхо волчу цуьнан ши а лерг кагдина ду, ша вочу зудчо йинчу пельменех тера а долуш.

И сакхт ца гайтархьама, месаш мелла а еха лелайо цо. ГIалахь машенца иза схьавогIуш сацийначу полисхоша хьехар дина, и месаш еха лелор дика лоруш дац хьуна, уьш дIаларгахьара ахь, аьлла. Цо а иза дина, кхана-лама девне ца вийла.

ДIадийцарх кхеташ боцучарна, "вахIабхой" олучу нахана дуьхьал болу къийсам чIагIбина Нохчийчохь. Цкъачунна еха мажош йолучарна тIера болийна иза. Цунах лаьцна дуьйцу Нохчийчуьрчу вахархочо Абубакара. Иза дерриг а белхаме дацахьара, беламе лорур дара, боху цо.

Абубакар: «Шортта «машинкаш» а йолуш, рузбанера арабовлучу хенахь, «таблетка» (Уаз) чу а хаош, мажош дIайохуш яра. «Джентльмены удачи» чохь ма-аллара: «ХIинцале лергин хьо» боху сурт дара. Чухиина валале, ларга а лоргий, охьвоккхура. Духьалваьлларг, цхьа жимма муьшка а йой, араволуьйтура. Маж ма лелае боху. Маж ерш дIа а бигина цара. Иштта бигина Соьлжа-гIалахь «Беркат» базарара а. Схьа-м бахкийтина, къамелаш-хьехамаш а бина».

Динан агIонаш чIогIа экаме лоручу Iедалша бан болийна Iаткъамаш ца лайча ца бовлу нах. Цундела, оцу хьола тIе а ца доккхуш гIуллакх, хIора а шен-шен цIахь Iийча гIолехь хета шена, боху Абубакара.

Абубакар: «Я дехьа а, я сехьа а воцуш, юккъехь хила боху кхара. Тхоьца воцург тхуна доьхьал ву бохург ду иза. Суна-м ца хаьа, я иштта хилча а, вуьшта хилча а магош дац. ГIийла чохь Iийча тоьлу, цхьанхьхьа а ара а ца волуш».

Нохчийчохь жигара тIемаш боьлхучу хенахь, масала, «Кавказ» блок-постехула тIехвала вуно хала дара, хьан коьртахь пес а, тIера духар а бусулбаниг делахь. Саца а вой, бехха талламаш бора, тIерачу бедарех хьожа а йохуш, цIарна уллехь-м ца Iийна теша, бохуш. Ткъа циггахь, мелла тIуртIуз-ваьлларг хецна чекхволуьйтура оьрсаша.

Цундела хийла малар бете даьхьан доцу нах а мала буьйлабеллера, шайна некъахьовзам ца хилийтархьама. Тахана мел хIун кхерам го божарша лелочу мажах - и ала хала ду. Амма ницкъаша борша стаге шен тIера духар а, сибат а хийцитар - иза, цIийца бен йоьрзур а йоцу чIир а хилла лелла хIинцалц нохчашлахь. ХIинца хIун хир-м хаац...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG