ТIекхочийла долу линкаш

Евромайданахь байъинарш дIабухкуш ю Украина


Украина -- Днепропетровск, Киевехь байъинчеран сий деш вовшахтоьхна цхьанакхетар, 22Деч2014

Украина -- Днепропетровск, Киевехь байъинчеран сий деш вовшахтоьхна цхьанакхетар, 22Деч2014

Дечкен беттан шолгIачу дийнахь Евромайданехь жима ши стаг вийна, протестахошна а, Iедалан сацамашна дуьхьало ян арабевллачу нахана а, полицина а юкъахь ира тасадаларш дуьйладелча. Маршо радионан корреспонденташа Рацыбарска Юлияс а, Выхорка Франак а, Синделар Дэйзи а ю, дукхах болчу патриоташа «бакълболу украинхойн патриотийн васташка» хьовсуш.

Украинин Iедалша урамашкахь митингаш дIаяьхьар доьхкуш долу низам къобалдеш бинчу сацамо боккха бохам бина цу махкахь. Киевера Евромайданахь лаьттачу дуьхьалончийн могIарера ши жима стаг вийна, полицино диттинчу герзаша. Царах цхьаъ эрмало ву Нихоян СерхIий, важа беларус ву Жызневски Михаил.

21 шо хилла Нихоян, Днепротпетровскана уллерчу Березновативка-эвлан вахархо вара. Дийцарехь, цуьнан да-нана 1992-чу шарахь Ломан-Карабахера Украине кхелхина хилла, СерхIий дуьненчу валале шо хьалха.
Цуьнан дас Гарик дийцира маршо радионе, Евроамайдане иза ца вахийта чIогIа хьаьвсинера шаьш, бохуш. Новкъа валале цуьнан депресси хилла, шен тIехьийза йоIаца дIасакъаьстинчул тIаьхьа.

«Иза цхьаммо а тIетеIош-м вац цига ваха,» аьлла хаьттира оха. «Цхьа а вац шега хIумма бохуш. Сайна луъуче ваха йиш йолуш ву со», аьлла жоп делира цо. «Маж йитира цо. Зудабераца цхьа юкъаметтигаш йоьхна лелаш волуш, интернетехь цхьа йоI евзина, цуьнца дIаса яздан волавелча, шолгIачу дийнахь хьала гIаьттина, иза новкъа велира», бохуш дийцира цуьнан дас.

Жигархоша дийцарехь, Евромайданахь гIарол деш а, дечиг доккхуш а, белаш тIе эрмалойн байракх тесна лелара СерхIий.
Дукхах болчу Евромайданан гIортор ечара видео яржийна, Украинан байтанчо Шевченко Тараса язъйина йолу «Кавказ» байт цо йоьшуш.





Шевченкон 200 шо кхачар билгадаккха кечам беш, цунах лаьцна видеош йохучу Проскурниа СерхIийс дийцира НихIоянан харизмо шена бинчу тIеIаткъамах лаьцна.

Проскурниа: «Воккхавевеш реза хилира иза тхан проектехь дакъа лаца. Соьга хаьттича, иза башхалла йолуш хIума дара, хIунда аьлча, украинхойн мотт чIогIа дика буьйцуш волу эрмало вара иза. Продюсеро саннаа аса бина хьехамаш кхочушбира бира цо буьззинчу барамехь. Оцу видеоклипо иза вовзийтира. ХIинца, халахеташ делахь, тхан проектан коьрта коьрта видео ю иза.»

Кхечу хьажархоша, масала, шеконе диллина иза Евромайданахь цIенчу даггара лелаш хилар. Масех журналисто а, блоггеро а иза шеконе дуьллуш яздина, иза ахчанна дуьхьа вахана хилла я, аьтто-агIоран террорхо ву, Эрмалойн Либералан боламо Iама вина, вахийтина волу, бохуш.

http://grahamwphillips.com/2014/01/22/good-news-terrorist-dead-in-kiev/

Цара цхьа а, хIара ду аьлла тоьшалла ца даладо цу къамелан бухе дахка. Масала, болггеро Филипс Грэхема НихIоянан Вконтакте тIера агIонна тIе тидам бохуьйту. Цигахь лаьтта НихIоян тIеман барзакъ дуьйхина а, карахь тапча йолуш а ву. Цкъ-цкъа цуьнан карахь эрмалойн байракх ю.

http://vk.com/id135274323?z=albums135274323

Иза харцдо НихIоянехьа болчара. Эскарехь декхар дIалуш цо даьккхинчу шарахь даьхна сурташ бу боху цара уьш.

Евромайданехь митингашкахь лаьттачарна лоьрийн гIо латточу Мусий ОлехIана тIе а тевжаш, «Киев Посто» дуьйцу, НихIоянна диазза коьртах а, вортана а тапча кхетта, бохуш.
Ткъа Украинан Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло керстадо, Iедалан ницкъаша бакъболу тIеман патарманаш лелийна, бохург. Царгахь ризаьнкан патарманаш бен дац, боху цо.

Евромайданахь вийна волу шолгIа жимастаг беларус ву Жызневский Михаил. 2005-чу шарахь беларусера дIавахана хилла иза, Украинехь политикан бахьанашца тхов-кIело еха.

20 шо хилла Жызневский, коьртах кхеттачу герзах велла ву. Украинан латта тIе ваьлчхьана дуьйна УНА-УНСО олучу, Оьрсийчоьнан тIеIаткъамна чIогIа дуьхьал йолчу организацин декъашхо вара иза. Цу организацин декъашхоша маршо радион Беларусин сервисе дийцина, «иза майра а, хьекъале а» вара, УНА-УНСОн декъашхойх гурра а жигара векал а вара Евромайданехь, бохуш.

Цу организацин лидерх цхьаъ волчу Карпуьк Мыколас аьлла, «иза ма-варра турпал вара. Украинан къомо цунна догIу сий дийр ду».
ЦхьамоггIа дуьненюкъара организацеша емалдина Евромайданехь адамаш дайъар, бохуш ерзайо шайн материал Маршо ралиднан корреспонденташа Рацыбарска Юлияс а, Выхорка Франак а, Синделар Дэйзис а.
XS
SM
MD
LG