ТIекхочийла долу линкаш

Дийна ву я вац Имаратан амир?



Имарат Кавказан лидер Умаров Докка дийна ву я вац боху шеконаш кхоллаеллачохь еха. Премьер-министра Медведев Дмитрийс иза дийна лара догIу, вийна я велла тоьшаллаш карролц, элира кхаарий дийнахь журналисташка. Дийна ву я вац Умаров? Шен-шен жоп ду массо а агIонийн, масала, Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана иза «99 процентна велла ву», элира деношкахь.

Интернетехула шаьш ца вовзийтинчу шимма къамел деш видео яржийна, Умаров валарца доьзна рогIера Амир харжа эшар дуьйцуш. Официалера хьостанаш а, пресса а шаьш муьлхачу хьостанах теша еза, хьенан тоьшаллашна тIетовжа еза ца хууш Iа. Цкъачунна, Умаров велла я дийна ву боху хаттар кхачам боллуш жоп доцуш лаьтта.
XS
SM
MD
LG