ТIекхочийла долу линкаш

Зударша майрошна етта ОвхIан пачхьалкхехь. Делахь а, майроша зударшна ницкъ бар дуккха а алсам ду


ОвхIан пачхьалкх - зударшна ницкъ барна дуьхьал, Гезгмашин-бутт 26, 2013.

ОвхIан пачхьалкх - зударшна ницкъ барна дуьхьал, Гезгмашин-бутт 26, 2013.

ОвхIан пачхьалкхехь керла репорт арахецна цIахь бечу ницкъах лаьцна. Цу тIехь дуьххьара дийца долийна, ницкъ ловш берш стегарий хилар. Маршо радион корреспонденташа Наджибулла Фарангиза а, Муджиб Рахьман Хьабибзайс а къамелаш дира зударша ницкъ бечу майрошца.


Дечкен беттан 23, 2014 – Мазари Шариф гIалин йистехь Iаш ву хIинца Сабур, шен зудчуьнца вехаш хиллачу хIусамера дIа а вахана. Шен хIусамнена карах хуьлчух валах беккъа цхьа некъ бен бацара иза.

«Хаддаза девнаш дийлара тхан. Цкъа-цкъа сан зудчуьн оьгIазалла совъялара, тIаккха цо суна ницкъ бора,» бохуш дийцира Сабура, шен хьажа тIехь йина чов а гойтуш. Бехказвуьйлучу озаца дийцара цо, ша вехачу гIалахь белхашца йоьзначу проблемех а, шайн девнан коьрта бахьана хIоьттинчу, ахча даккха ца даларх а, лаьцна.

Сабур: «Болх ца карабо суна, тIаккха соьга доьзал а ца кхабало. Ахча доцуш со чувеъча, зуда карзахъюйьлу. Цкъа шен мачин кIажа туьйхира цо сан бета тIе. Амма суна ца лаьа нахана сайн чуьра хьал девзийла. ХIунда аьлча, со овхIанхойн юкъараллехь вехаш ву, сайн сий а, стогалла а йойъийла дац сан иза нахала а даьккхина.»

ОвхIан-пачхьалкхера Йозуш Йоцчу Адамийн бакъонийн кIоштан офисе вахара Сабур шен къабала белхон. Сабурна а, кхечу божаршна а деш долу гIо хьесапе а эцна, борша нах коьртехь лаьттачу овхIанхойн юкъараллехь цхьа жимма и проблема хезе яьккхина цу организацино.

Цо хIокху баттахь хааме даьккхинчу репортаца а догIуш, цIахь ницкъ ловчу божарийн терахь алсамдолуш ду. Делахь а, цкъачунна хууш дац, боккъал долу сурт. ХIунда аьлча, гIо-накъосталла деха арабовлурш чIогIа къайладахийта гIерта иза. Сабур дуьхьал хилира Маршо радиога шен боккъал йолу цIе йийца. 32 шо долчу стага ма-аллара, "зудчо йиттина аьлла латкъамаш бар, овхIанан стага дан деза хIума дац.»

Оццу хенахь, Сабуран хIусамнана а реза ца хилира ОвхIан-пачхьалкхера Йозуш Йоцчу Адамийн бакъонийн кIоштан офисца къамел дан, иштта, цо тIе ца дитира, шен цIийндена еттарх лаьцна Маршо радиоца къамел дар а. ОвхIан-пачхьалкхера Йозуш Йоцчу Адамийн бакъонийн организацио бечу хаамашца, дукха хьолахь, цIахь ницкъ ловш берш гуттар а зударий хуьлу. Царна еттар, ца луъушехь маре балар, эхь тIе даийтина аьлла байъар а хьесапе эцна ду, тоьшаллаш долуш. Иштта, хьесапе эцна ду, ницкъ бечу хIусамера бовда а, тхов-кIело лаха а зударийн аьтто болуш ца хилар.

ОвхIан-пачхьалкхера Йозуш Йоцчу Адамийн бакъонийн организацино хьесапе эцна, ерриг ОвхIан-пачхьалкхехь даханчу 2013-чу шарахь цIахь ницкъ бина хилар. Ткъа оцу организацин репортехь ткъа латкъам бу, божаршна цIахь ницкъ барца боьзна.

ОвхIан-пачхьалкхера Йозуш Йоцчу Адамийн бакъонийн организацин зударша гIо дечу департаментан куьйгалхочо Рахьими Парвина бахарехь, цIахь бечу ницкъан итт процент, божаршна кхочу ала мега. Дукхах хьолахь, и ницкъ, дашца беш бу.

Рахьими: «Оха хьесапе эцначу гIуллакхашкахь юкъахь ду зудчо майрачунна а, стуннанас невцана а ницкъ барца доьзнарш. Амма дукхах болу, цIахь зударша майрошна беш болу ницкъ, тохарца боьзна бац, дашца беш бу.»

ОвхIан-пачхьалкхера Йозуш Йоцчу Адамийн бакъонийн организацин Мазари Шарифехь долчу декъо бахарехь, «цигахь ницкъ ловш берш, аьлча а зударша еттарш, дукха хьолахь, майрой бу.”

Фавзия Наваби, Доьзалан департаментан куьйгалхочо дийцира Маршо радиога, шайга гIо дехначу 30 итт шераш долчу майроша шайн цIераш ца яхар дийхира.

Цо бахарехь, церан репортан юкъахь дац, шена бинчу ницкъана дуьхьала леташ майра лазорца доьзна гIуллакхаш. Навабис бахарехь. ТIемаша цу махкахь хIоттийначу инзаре къелло доху нехан хIусамашкахь девнаш. Динца а, Iадаташца а доьзначу гIиллакхаша нахала ца доккхуьйту иза.

Яккхийчу гIаланашкахь бен дац зударий я зудабераш чуьра арадовлар. Кино хьовса а, ресторанехь хIума кхаллар, я паркехь дуьйладалар а. Эвланашкахь и саннарг хезна а дац.
«Халонаша а, бехкамаша а гулъйина оьгIазалла шайн майрошна тIехь яссайо зударша. Цкъа-цкъа, жима чимхалг доккхачу девне йоьрзу», элира Навабис.

Наваби: «Оха хьесапе эцначу цхьана гIуллакхехь, аьхкенна тIехь хилла хIума ду иза, зудчо маситтаза шен хIусамден бетах тоьхначул тIаьхьа, юха урс эцна, араяьлла, цуьнан мотоциклан чкъургашна Iуьргаш даьхнера. Иза чIогIа оьгIазъяханера, шен майрачуо ша шен децIа ца йигина, аьлла. Цуьнан цIийндас гIо дехнера тхоьга, маьрша, ирсе доьзал беш гIо дахьара, аьлла.»

ХIетахь дуьйна хьехамаш беш, лекцеш яла йолаелла ОвхIан-пачхьалкхера Йозуш Йоцчу Адамийн бакъонийн организаци, элира Навабис. Цара иштта, жим-тIама ахча а кховдадо цу мискачу божаршна, шайн зударий а, бераш а хIума кхалла я паркехь садаIа дига.

Доьзалехь ницкъ бар хьесапе эцна ца Iаш, цхьаний мерза даха луучу зудчунний, майрачунний гIо дан а хьовсу шаьш, элира Навабис. Дийнахь а, буса а цу организаце телефон тоха йиш ю, цIахь ницкъ ловш волчу стага.

Цу организацин векалш теша, юкъраллехь цхьаннегаа дийца йиш йоцу хIума, шайга дийца и нах паргIат хирг хиларх. Дуккха а божарий хила тарло цIахь ницкъ ловш, амма овхIанхойн юкъараллехь кхиина стаг атта хIуттур вац, шен чуьра хIума нахала даккха.», аьлла тIетуьйхира цо.

Мазари Шарифехь цу организацино хьесапе эцна и кхо доьзал, хIинца а цхьаний бу. ОвхIан пачхьалкхехь дIасакъаста атта хIума дац.
Шен хIусамера хан дIаваха дезначу Сабура бахарехь, цунна кхин цхьаа некъ ца го, шен доьзал ларбар бен. Дукхах хан йоццуш, лоьраша депресси ю аьллера цуьнан. Амма цо шена лоьрийн гIо хьашт дац, боху. Шен проблемаш ерзон оьшург болх бу, молханаш дац, элира цо.

Меттигера Iедалшка гуттар а дехарш деш ву иза шена болх боьхуш. Амма цуьнга цхьа а жоп кхаьчна дац хIинццалц.

«Со чIогIа ирс доцуш стаг ву, чIогIа ирс доцчу пачхьалкхехь дуьненчу ваьлла волу», элира Сабура.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG