ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуламаш баьржаш бу Украинехь



Президентца Янукович Викторца барт ца карийначу оппозицино ша протест кхайкхочу майданан доза шордина Киевехь. Гуламхойн четарш даьржа хIинца Цадазаран Майданара дIа цунна гена йоцчу юьртбахаман министраллан керта а кхочуш.

Деа дийнахь цIий а Iенош лаьттина къовсам боьрзучу кхочу аьлла хеталора, агIонаш дийцаршка хевшича. Амма еарий дийнахь деа сохьтехь Януковичан а, оппозицин а хиллачу къамело гайтина цхьа а агIо шен позици йита лууш йоцийла. Януковича декхаре бо протестхой шайн-шайн цIабаха, ткъа вукхара цунна тIедожадо дарж дитар.

Гуламаш гIевттина Украинан малхбузерчу массех къоштахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG