ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара бертахой Женевехь гур а бац вовшашна



Шемахь тIемаш бен агIонаш реза ца хилла Женеверчу бертан дийцаршкахь вовшийн бIаьра а гуш, къамелаш дIадахьа. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин пресс-секретара хаам бина, шайн хьукмато машар бийца къастийначу БрахIими ЛахIдара Шемин Iедалан а, гIаттамхойн а делегацешца шайц-шайца дIахьор ду дийцарш, аьлла.

Шемин Iедалан векалша шаьш «терроризмо бохьу кхерам» бийца даьхкина боху, ткъа оппозицино Асад Башара дарж дитар а, ханна керла Iедал харжар а хила деза боху дийцарехь. «Женева-1» цIе тиллинчу 2012-чу шарахь хиллачу конференцица а догIуш, керла Iедал харжар дийца доллолц, шайна Асадан векалш ган а ца лаьа, дIахьедира опоозицин делегацино пIераскана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG