ТIекхочийла долу линкаш

Нацизмах ца къехка Аштаркхнера лоьраш


Оьрсийчоьнан президентан Нохчийчуьрчу омбудсменан эмблема

Оьрсийчоьнан президентан Нохчийчуьрчу омбудсменан эмблема




ХIинцций бен ца хиина Аштаркхнехь и хийцамаш буйла. Цигара а, Ростовра а дарбан хIусамаш яра нохчаша а, дагестанхоша а, гIалгIаша а шайн могашаллина хаьржина. Амма хIинца иза дан церан аьтто бац – мехкан могашаллин министралло официалехь омра арахецна, оцу кхаа мехкашкара дархой тIе а ма оьцийла аьлла.

Рак-цамгарца болу бIеннаш бисина цхьа а гIо доцуш. Нохчийчохь-м, масала, хууш ма дай оцу цамгарна дан хIума доцийла.

Шайн коьрта бакъонаш йохийна аьлла, арз дина цомгушчара Нохчийчохь президентан Путинан адамийн бакъонашкахула векал волчу Нухажиев Нурдин урхалле. Цигахь теллина иза мел бакъ ду. Оцу хьукматера белхахочо Саламов Султана бахарехь, Аштаркх-мехкан могашаллин министраллехь даре дина и омра долуш хилар.

Саламов: «Астраханерчу онкодиспансеран коьрта лоьран гIовс волчу Севостьянов Владимира бохура, шега министралло омра дела, кхузара тIе ма эца аьлла. Шаьш иза кхочуш ца дича ца довлу боху цо. ТIаккха оцу министраллехь цхьа декъан куьйгалхочо Кузина Татьянас схьабоху, и дехкар Волгоградехь лелхийтарш динчул тIаьхьа юкъдаьккхина шаьш. Операци ян езарш а тIе ма эца, аьлла».

Низамехь доцу и омра юхаэцийта гIерташ ю хIинца Нухажиевн хьукмат. Иза дукха гена далале юхадаккха деза, и дийриг хилах а теша шаьш, боху Саламов Султана.

Саламов: «Прокуратуре а, бакъоларъярхошка а, яздина оха кехаташ. Конституцин бакъонаш йохош ю нехан. ХIораннан бакъо ма ю Оьрсийчоьнан муьлххачу а кIоштехь дарба лаха. И бакъо луш ю карахь йолчу полисо».

Тахана канцер-цамгарна уггаре а хаьлхарчу меттигашкахь йолчу Нохчийчоьнна боккха тохам бу махкал арахь а дарба карор дац бохург. Аштаркхнерчу дарбан хIусамашкара юхберзийначу нахана шайн цIераш яха а ца лаьа. Уьш теша, и лартIехь доцу омра дIадоккхург хиларх. ТIаккха шайна цигахь цхьа новкъарло ярна кхоьру уьш, бохуш, кхидIа а дуьйцу Саламов Султана.

Саламов: «Нахана шайн фамилеш яхийта ца лаьа. Тхо кхета цара иза хIунда боху - шайна лоьрашка бекхамаш ца байтархьама, шайга уьш дика ца хьовсарна кхоьру уьш. Цара дехарш дина, цIераш ма яха аьлла, амма мел оьшу информаци тхоьгахь йолуш-м ю».

Аштаркхнера юхберзийначу нахана баккъал а лаьа цIераш а йохуш гIуллакх дийцита. Амма, Соьлж-ГIаларчу яхархочо Луизас даре дира, цомгуш йолу шен гергара зуда хIоьттина хьал бахьанехь цIаялийнааьлла.

Луиза: « Керлачу шеран даздарш дIадевлча, тхан цхьа гергара стаг яра цомгуш, цига , Астрахане, яхана. Операци яра цунна ян езаш. Бина барт а бара, квота а яра. Амма цигара юхаберзийна уьш, шайна нохчашна а, гIалгIашна а, дагестанхошна а уьш ян дихкина аьлла. ХIицна хIун дийр ду ца хууш Iа. Боккха тешнабехк бу иза цу нахана».

Низамаш девзуш дIоггара говзанча хила а ца оьшу Аштаркхнерчу лоьрийн министралло арахецна омра бакъонан бух болуш доцийла а, фашизман хьожа етталуш дуйла а хаа. Цундела, нагахь санна иза юха ца эцахь, кхелехула дIа а доккхуьйтуш, иза тIеэцарна бехкенаш жоьпе озабайта хьовсур ду шаьш боху Нохчийчуьрчу бакъоларъярхоша.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG