ТIекхочийла долу линкаш

Кхера а кхоьруш боьлху Соче Iамеркара олимпхой



Iамеркарчу прессано дийцарехь, Цхьанатоьхначу штатийн пачхьалкхан департаменто шайн мехкан олимпахошна хьоьху Сочехь олимпиада йоьдучу муьрехь къовсаршкахь дакъалоцучу майданахь бен Iамеркан спортан духар цалелор. Уол Стрит Жорнало бахарехь, Сочехь олимпиада йоьдуш лелхийтарш дан а сахьт дац, кхерамзалла а лахара хир ю аьлла хеташ бина департаменто спортхошна и хьехам. Изза хьоьху ша олимпиаде йига вовшахтоьхначу тобанна Штатийн Олимпан комитето а.

XS
SM
MD
LG