ТIекхочийла долу линкаш

Регионийн партино къепе хIоттор дехна Украинин прокуратуре


Iедалшна дуьхьал акцеш дIахьош болчу наха регионашкахь Iедалан гIишлонаш дIалийцар талла аьлла кхайкхам бина Украинин инарлан прокуратуре Регионийн партино. Президентан Янукович Викторан партино динчу дIахьедар тIехь аьлла ду, «фашисташ санна лела кегийрахой махкахь Iедал карчо гIерташ бу» аьлла. Цунна бехке оппозицин лидерш хета Регионийн партин декъашхошна.

Украинехь дуьхьалонан акцешка арабевллачу наха дIалецна 10 регионера муниципалан гIишлош. Киевехь оппозицин декъашхоша Оршотан буса шайн Iуналле лаьцна юстицин министраллан гIишло. Нагахь демонстранташа иза мукъа ца яккхахь махкахь чолхе хьал кхайкхор доьхур ду ша аьлла, дIахьедар дина юстицин министро Лукаш Еленас.
XS
SM
MD
LG