ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерка реза яц овхIанхоша тIемалой маьрша бахарна


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа колацин а, овхIанан а эскархошна тIелетарш дарна бехке веш волу 37 стаг дIахеца сацам бина ОвхIанистанан Iедалша. Кабулан йистехь йолчу Парван-набахтехь болчу тутмакхийн гIуллакхушкахула йолчу Iедалан комитетан декъашхочо Дадрас Iабдул Шукура дIахьедар дина, и нах дIахоьцуш бу царна билла бехк ца хиларна аьлла.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа емал бина ОвхIанистанан Iедалша бина сацам, и нах ОвхIанистанна хьовха, ерриг а регионан кхераме бу аьлла. Парванехь латтош бу и набахта 2013-чу шарахь овхIанхоша шайн караэцале коалицин эскарша лецна болу тIемалой. Дадраса дийцарехь, 37 тутмакх дIахоьцур ву гергарчу шина кIиранах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG