ТIекхочийла долу линкаш

Цкъа хьалха президент хоржур ву Мисарахь


Мисаран тIеман министраллан куьйгалхочуьнах ал-Сиси Iабдел Фаттахах вина фельдмаршал. Цу хьокъехь указ арахецна Оршотан дийнахь Мисаран президентан декхарш кхочуш деш волчу Мансур Адлис. КIирандийнахь Iедалша хаам бира, Мисаран президентан харжамаш хир бу Парламентан харжамел хьалха аьлла.

Хьалхо президентан харжамаш тIаьхьо дIабахьа дагахь дара мисаран керла Iедалш. Мисаран куьйгалхо хоржур волу де цкъачунна билгалдаьккхина дац. Ал-Сисис куьйгалла а деш стохка Товбеца-баттахь эскаро даржера вохийра президент Мурси Мохьаммад. Цу хенахь дуьйна ирделла лаьтташ ду цу махкара хьал.
XS
SM
MD
LG