ТIекхочийла долу линкаш

Путине дехар дина Amnesty International-ло


Сочера Олимпиада тIекхочуш дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино кхайкхам бина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, дешан маршо йоьхкуш а, маьрша гуламаш дIабахьа а, цхьанакхетараллаш кхолла а доьхкуш а долу репрессиван чулацам болу низамаш юхадаха аьлла.

Оцу петицина къел куьйгаш таIийна 200 эзар сов стага. Кху беттан 30-чу дийнахь и документ Москох президентан администраце дIалур ду Европерчу Amnesty International-ан исс декъан директорша. Оццу дийнахь цу организацин агIончаша цу тайппа петицеш дIакхачор ю шайна пачхьалкхашкахь йолчу Оьрсийчоьнан векалаллашка.
XS
SM
MD
LG