ТIекхочийла долу линкаш

Сочин харц новкъахь


Сочи -- Красная Полянахь йина йолу когсалазаш хохку меттиг, Дечкен-беттан 21, 2014.

Сочи -- Красная Полянахь йина йолу когсалазаш хохку меттиг, Дечкен-беттан 21, 2014.

Олимпан Ловзаршна кечам баро нийсса пурхнехьа дерзийна Сочи-гIалин бахархойн дахар. Цхьаболчеран хIусамаш тIекIала яьхна, вукхеран дахар юханехьа тоьхна. Маршо радионан корреспонденто Балмфорф Тома дуккха а материалш кечъйийр ю цу хьокъехь. Хьалхарчу материалан чулацам бовзуьйту Умарова Аминас.


Сочи, Дечкен-беттан 27 де – Буса тхов жим-жима чушаршарна тIе доладелира ша дерриг. Масех дийнахь Абжан Дмитрийн хIусам меллаша гойтучу видео тIехь санна, Iункар керчира. Цунна бахьана хIоьтттира, Олимпиадина кечам беш, церан урам болалучехь, лома тIе нехаш гулъян йолор. Кхело бинчу сацамца, Абжанна хилла зе меттахIоттон дезаш ду. Амма кхелам сацам кхочушбина бац. Иза а, цуьнан боккха доьзал а шайн ма-хуьллу, агIор сеттинчу хIусамехь баха хьовсуш бу. 27 шо долчу Абжана забар йо, «космосехь волчух тера ду» шайн дахар, бохуш. Амма Iедалшкара жоп дац.

Абжан: «Цхьана цхьа хIума ца дина. Кхин дIа хIун дан деза ца хаьа тхуна. Хьанна тIе гIур ду ца хаьа. Бераш ду кхуьуш. Цхьа кхане езара... Тхо кхузахь дина а, кхиъна а ду тхо. ХIинца арахь дисина ала мегар ду тхо.»

Марша догIийла, Сочера харц новкъа! Олимпан ловзаршна дайъина боху ахчанан барам $51 миллиард доллар бу. Къегаш йолу стадионаш а, лаьмнашка хьалайовлу лифташ а ярал совнаха, тIаьхьарчу шерашкахь Сочи-гIалин бахархойн дахар пурхнехьа дирзина. Цхьаболчеран, Абжанан санна, хIусамаш а тIаьхьа.

Толам баьккхинчарна а, иэшам хиллачарна а юкъара йоккха башхалла дика гуш ю, хIурдан йист а, Олимпан ловзарш дIахьон долчу, когсалазаш хохку Красная Поляна курорт а цхьанатухучу новкъахь. 50 чаккхарма машенан а, аьчка-некъ а беш харж йина $8 миллиард доллар барамехь. Цунах лаьцна яздеш гIазакхийн маттахь арадолучу «Esquire» журнало яздина Iоттар еш, схьагарехь, цу новкъахь Louis Vuitton тIоьрмигаш, Iов я Испанхой фуа-гра олу, ресторанехь безачех лору кхача биллина, бохуш.

Цу некъана ши чаккхарма генахь йолчу Ахштыр-эвлана тIехь кIайн кIур лаьтта, Олимпан Ловзаршна кечам болийчхьана дуьйна. Цигара хиш лекъна. Цигахь газ яц. Цу эвлан бахархошка шаьш кхиош йолу хурма ца йохкало, цунна тIе цемантан чан йиллина дера.

Цул сов, Красная Полянина тIе боьдучу новкъо Ахштыр эвла юкъараллин транспортах хадийна. Iедалша кхин керла некъ ца бина, боккхачу некъах кхета безаш болу. Цунах боккхха хьовзам хилла, 65 шо долчу пенсехь волчу Коленин санначу нахана. Чернобылехь хилла бохам луьстуш, хьалххе пенсе вахийтина волу иза сагатдеш ву, ша хIинца дарбан цIийне муха кхочур ву, бохуш. Цул сов, пехашна чу цемантан чан йилча, цунах хIун зе хир ду аа хаац.

ШолгIачу цу эвлан яхархочо 53 шо долчу Рунович Еленас бахарехь. Шен болх дIатаса дезна цуьнан, шен школе лелаш йолу йоI ечу гIишлошна а, шина боккхачу новкъах а йоккхуш, дIасалелорхьама.

Коленин а, Рунович а, кхин болчу эвлахошца боккхачу новкъана уллехь цхьанакхеттера Маршо радионан корреспондентаца Балмфофр Томца Олимпан ловзарша шайн бинчу тIеIаткъамах лаьцна къамел дан.

Рунович: Хаттар хIоттадехьа, цхьаболчарна массо хIума, ткъа бисинчу бахархошна - цхьа хIума а.

Коленин. «Адлеран кIоштар уггар цIена эвла яра тхайниг Йоккхачу Сочехь. ХIинца нехийн барз бина кхузахь. Администрацина вуно дика хууш ду иза. Амма тергал дIа деш дац.»

Абжан вехачу Баку-ураме юхадахча, цигахь берш а бу меттигерчу Iедалшна латкъамаш беш. 85 шо долу Калайжан Полина Iаш йолу хIусам, гу буьххьера чушершаш долчу цIа чохь Iаш ю. Цуьнан исс гергара цуьнца цхьана вехаш, 89 шо долу цIийнда а тIаьхьа. Царна а дара зе меттахIоттон дезаш. Амма кеста хIумма а хир долчух тера дац.

Калайжан: "Оха Путине яздина, Медведеве яздина, Краснодаре яздина, массанхьа яздина. Цигахь тхуна жоп делла, "меттигерчу Iедалшка къастадайта иза." Ткъа меттигерчара тхо тергал дIа а ца до. Тхан шуна дан хIума дац боху цара."

Го-баьккхина еш гIишлош йолуш, сих-сиха тоьках хадайо гIала. Дукха хьолахь, аьллачул а алсам латтайо иза дIаяьккхина. Цхьана блоггеро Агалаков Ольгас яздина, батто Сочехь кхин декхарш кхочушдо, аьлла.

«Бутт хилла ца Iа иза!», яздина цуо. «Измайловскехь а, Семеновскехь а тхан серлонан коьрта хьаст ду иза! Ши бутт сов хан ю, цара 12 сов а сохьтана тхо тоьках хедош. Цкъа-цкъа, шина дийнахь а ца ло ток», аьлла яздина блоггеро.
Цхьаберш сихонца Олимпан ловзарш чекхдовлахьара. Ток хир яра, чан дIаер яра бохуш, садетташ бу. Амма Абжан саннарш, ловзарш чекхдевлча шаьш цхьаннена а дагадогIур дац аьлла, кхоьруш бу.

Абжан: "Харцо ма ю иза. Тхо кхуза шина денна даьхкина ма дац. Тхо кхузахь дина а, кхиъна а ду. Тхан дедай, дендедай а бара кхузахь бина. Тхан бехк боццушехь, арахь дисина тхо. Тхуна-м хазахета Олимпиада йолуш. Некъаш дина, кхиндерг дина. Меттигера нахана халахетар ца дахьара. Нагахь цхьаъ дIаяьккхинехь, цунна духьал цхьаъ лойша. Бахка баьхкина, нах арахь битина, Олимпиада дIа а яьхьна, диснарг дицдина, дIавоьдуш ма ца хуьлу."
XS
SM
MD
LG