ТIекхочийла долу линкаш

"Диктаторан" низамаш юхадаьхна Украинин Радано


Украинин Лаккхарчу Радано юхадаьккхина ша кху беттан 16-чу дийнахь тIеэцна долчу, махкахойн маьршонаш гатйеш долчу 12 низамах 9 низам. Уьш дIадахарехьа кхаж тесна 361-на депутато. Коммунистийн фракци кхаж тосуш дакъалоцуш яцара.

«Диктаторийн» низамаш юхадохур ду аьлла, барт хиллера оппозицин лидерийн а, президентан Янукович Викторан а хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Шинарин дийнахь шен дарж дитина Украинин премьер-министро Азаров Николайс. Иза дIаваккхар доьхуш бара стохка Лахьан-баттахь дуьйна Киевехь а, кхин йолчу а Украинерчу гIаланашкахь дуьхьалонан акцеш дIахьош болу оппозицин агIончаш.
XS
SM
MD
LG